Идёт подписка на журнал "Нана" на 2014-й год. Также - в редакции журнала - можно приобрести номера за прошлые годы. Справки по телефонам: 8(8712)22-34-32; 8(928)290-31-99

http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Посещаемость

Первые 10:
  Russian Federation flag 47%Russian Federation (217571)
  United States flag 13%United States (58254)
  Ukraine flag 6%Ukraine (29183)
  Poland flag 6%Poland (26576)
  European Union flag 4%European Union (19459)
  Mexico flag 4%Mexico (16468)
  Iceland flag 3%Iceland (13375)
  Kazakhstan flag 2%Kazakhstan (11271)
  Unknown flag 2%Unknown (10614)
  Germany flag 2%Germany (7331)
458348 посещений из 147 стран
НЕНАН МОТТ Печать Email

Мамакаев Мохьмад

 

Сан деган назманаш, ма 1ехка шу йийший,

Ма 1ехка чена к1ел, терхи т1ехь цхарйолий,

Г1овтталаш, аз айдай, вочунна д1овш хилий!

Кху халчу некъашкахь бакъдолчун еш г1оле.

Дог ц1енчу ойланца яхалаш халкъана,

Сан халкъан мостаг1чун садукъдеш хьовзалаш,

Диканна г1еттинчун маттаца лиэпалаш, –

Екалаш парг1атчу жа1уьнан шедагах.

Сулейманов Ахьмад

* * *

Буто бода болчу меттехь

Латийначу сирнико

Бода эккхош гина суна,

Серлабоккхуш берриг  гуо.

 

Иштта ду дош! Турпалхочун

Дарже воккхуш, айво цо,

Шаьлтаночул к1орга чов йо,

Чевнна хьовзабойту муо,

 

Малхо санна, дашор ду цуо

Башлам т1ера шийла луо.

Къонах г1аттош, к1илло вожош

Долчу дашна меттиг луо!

 

 

Айдамиров Абузар

 

* * *

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзунийн баннашна лулахь

Нанас со кхиийна берахь.

 

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш довха,

Сан нохчийн маттара илли.

 

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

 

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш

Декара, дог 1ийжош, доруш.

 

Цу иллийн дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймахке безам

Вайн дайша къийсамехь гайтар.

 

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш,

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш буьрса денош.

 

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь

Къинхьегам, Нийсо, Вошалла,

Ирс, Машар кхайкхош.

 

 

 

 

Саидов Билал

 

* * *

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина,

“Хьайна безахь” бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда  буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

Хьо бийца 1емар вац

Дагна хьо цабезарг.

Юьхьк1айн а лелар вац

Хьо бийца цахуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

Хьо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьо хууш волчунна

Жовх1арийн х1онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

Хьайн хазнех кхиъначун

Вахарехь ирс ду хьо,

Хьайх хераваьллачун

Д1атесна некъ бу хьо.

Ойла хьайца ечун

Бух боцу х1орд бу хьо,

Кхин толош волчунна

Совбаьлла г1ирс бу хьо.

Хьо ца безаш волчо

Шен Нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац,

Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду.

Дагах чекх ов доккхуш,

1овжаме бийцало,

И дог малхах тардеш,

Хьо сирла бийцало.

Харцонан некъ хадош,

Буьрса аз ду хьоьца,

Бакъонна некъ боккхуш,

Хьехаме хьо буьйцу.

Суна хьох къахета,

Бийца цахуучо,

Хьайн куьцах бохийна,

Мерза чам талхийча,

Чов хуьлу сан дагна,

Доггах цабезачо,

Шен г1алат дицдина,

Сийсазбеш бийцича.

Хьайн ненан мотт хаахь,

Дозалла ас до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Доттаг1а, варийлахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй хаалахь!

 

 

Арсанукаев Шайхи

 

* * *

Доьзалехь бийцар а

Дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт

Д1атесна ахь.

“Сов къен бу дешнашна,

Бац атта кхеташ”, -

Бохуш и сийсазбан

Ца хета эхь.

 

Ладог1ал цкъа соьга,

“Хьекъале корта”.

Ладог1ал, яккхий д1а

Лергара потт:

Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

 

Г1иллакхе, оьзда бу,

Доттаг1че буьйцуш.

Мостаг1че вистхуьлуш -

Ду ира герз,

Хьомечу езаре

Безам ахь буьйцуш -

Бека и, шех хуьлий

Хьан деган мерз!

 

Мерза бу, моз санна,

Ша безачунна

Ламанан шовданал

Ц1ена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а

Ладег1на цуьнга,

Услара даггара хестийна и.

Б1ешераш хийла д1а

Ихна, и бекаш,

Хьацарлахь, къийсамехь

Кхиъна и бу,

Кхоьллинчу халкъашна

Сов хьанал бецаш

Даима ша хилла

Нохчийн мотт бу.

 

Вайн халкъан ойланаш,

Дахар а г1ийла -

Далхадеш къийсамна

Г1иттийна цо.

Нохчочун майралла,

Оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь

Екийна цо!

 

Кхидолчу къаьмнашна

Шайнаш а санна,

Нохчашна шайн мотт а

Сов хьоме бу,

Нагахь хьо ца ваг1ахь

Хьайн халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг,

Хьо цхьалха ву.

 

 

Кибиев Мусбек

 

*  *  *

Цинцашка декъалой, бердах

Хецало чухчари санна,

Даточу цинцех бу тера

Нохчийн мотт

муьлххачух вайна.

 

Аганахь хийла хьо техкий,

Хьо буьйцуш наноша, дайша.

Заманах чехка чекхбевлла,

Уьш д1атий, дитина вайша!

 

Ткъесан шед хьоьх ян ца дезна,

Шаьлтанах баттара баха,

Къонахийн г1иллакхе боьрзу

Нохчийн мотт -

буьйцург вайнаха.

 

Туьран чов йирзина йолу,

Меттан чов

йоьрзуш яц цкъа а! -

Г1иллакхан новкъа бер долу,

Нохчийн мотт

буьйцуш ша даккхахь.

 

Дахаран г1иллакхийн кхерчахь,

Оьзда дош олучу меттехь,

Г1иллакхан собарца керча

Нохчийн мотт,

кхеттарг хьоьх кхеттехь.

 

Нохчийн мотт, хьан дош а олуш,

Хийла тур баттара даьккхи

Мурдаша (дашца дош кхолуш!)

Маршонна парг1ато яьккхи.

 

И куьзга ду хьуна, эшахь,

Нохчийн мотт -

буьйцург вайнаха:

Лом г1отту хьо буьйцуш, теша,

Куьзганахь, кийрахь вай даха!

 

Буьрса т1ом кхехкабо дашо,

Ткъесан х1оз туьрах бо т1аккха,

Дато а, дашо варкъ дашо,

Нохчийн мотт

бийца ахь баккхахь.

 

Саьхьарчу иллешкахь бекна

Нохчийн мотт - маршонна ала!

Дахарца 1ожалла екъна

Нохчийн мотт сий дарца кхала!

 

Назманчас назманаш олуш -

Пайхамар, асхьабаш базбеш,

Нохчийн мотт, синхаам болу

Темашка, хьо матто хазбой.

 

Мотт ц1армат

буьйцучух къехкаш,

Лийр бар-кха

къонахий тахна,

Шоллаг1а лийр бар-кха,

кхехкаш,

Дог лоцуш,

берд эккхаш санна.

Мотт хууш доцчу вай вешан,

Лелачу г1иллакхах доьхна,

Лийр вар-кха къонах,

ца вешаш,

Дог эккхаш, дагах катоьхна.

 

Хийла ц1ий 1енийна дайша,

Цхьамзан т1ехь накха а сецош,

Хьан, сан сий, нохчий, ца дайа,

Бахна уьш 1ожалла эцна.

 

Меттан сий, вайн сий ца дайа,

Т1еман лар юьлуьйтуш хица,

Дитна сий дайша, дедайша,

Х1ай, нохчо,

доькъуш дерг х1инца.

 

 

Рашидов Шаид

 

*  *  *

Доккхачу лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан Ненан мотт.

 

Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, иман я г1уллакх,

Доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Бицбина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан Ненан мотт.

 

 

Абдулаев Леча

 

*  *  *

Да ваьлла ца волуш,

да вала ца вуьтуш,

ког хецна ца болуш,

т1ам баржо ца кхуьуш,

г1амарлахь х1у санна,

овкъарлахь суй санна,

бихкина 1илманна,

бихкина иллина,

1иллина биллина,

биллина 1иллина.

 

Да хила цхьаъ ваьлча,

“Г1аттахьа!” - цо аьлча,

г1аьттинарг дицдина,

г1аттийнарг вицвина,

сиз хьокхуш нисдина,

эзарнах исс дина,

да волуш, буо дина,

керт йина, гуо бина,

1иллина биллина,

биллина 1иллина.

 

Бийцина Шо1ипа,

бийцина Соипа,

бийцина шайхаша,

тептарша, жайнаша.

Дийцинарг харцдора,

туьрца и дацдора,

даьттанца хьан а дой,

ахкарца шар а дой, -

юха а д1абуьллура.

Хьо г1енах боьлура.

 

Тархашца тарх г1иттош,

т1улгашка дуьйцуьйтуш,

Мохьмад а т1ех1итти, -

т1улгаша дуьйцура.

Дош дашах хьегорца,

дошехь дош къегорца

1аьрби а велира -

Дала схьавелира.

Хьо меттахбуьйлура.

Хьо г1енах боьлура.

 

Джунайдан Мохьмад а,

Мохьмадан Мусбек а

г1аьттира мохь аьлла,

даг чохь хьан ч1об декна.

Цу к1ентийн баланаш

хьо самабала ду.

Хьо самабаха ю -

тхо к1ентийн алунаш.

бер бац хьо 1иллина,

1иллина биллина.

 

И анакевне а

лаьтташ ю йиллина,

тхо к1ентийн зоьвналла

Лаьтте лерг диллина.

Сайратех сайрат - хьо

бала ду сирратах.

Нохчийн мотт, г1аттахьа,

х1ара дуьне латтахь-ма,

бер бац кхин 1иллина,

ас хьашлаг1 йиллина!

1998 шо

 

 

Комментарии  

 
-2 #3 Хава 16.04.2014 16:16
мне нужно сочинение на тему ненан мотт на чеченском языке :sad: помогите мне :cry:
Цитировать
 
 
-1 #2 рая 11.04.2014 21:26
стихи просто класс нам их дали а мне дали выучить!Доккхач у лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан Ненан мотт. ;-)
Цитировать
 
 
-2 #1 Мата 18.04.2013 19:42
Замечательный сайт!!!!!!!!!! :lol:
Цитировать
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.