Идёт подписка на журнал "Нана" на 2014-й год. Также - в редакции журнала - можно приобрести номера за прошлые годы. Справки по телефонам: 8(8712)22-34-32; 8(928)290-31-99

http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Посещаемость

Первые 10:
  Russian Federation flag 47%Russian Federation (222622)
  United States flag 13%United States (61360)
  Ukraine flag 6%Ukraine (30194)
  Poland flag 6%Poland (26719)
  European Union flag 5%European Union (22169)
  Mexico flag 4%Mexico (18761)
  Iceland flag 3%Iceland (14741)
  Kazakhstan flag 2%Kazakhstan (11491)
  Germany flag 2%Germany (7833)
  China flag 1%China (5465)
471421 посещений из 149 стран
Нохчийн халкъан илланчин деган мукъамаш – Яшуркаев Султанан поэзин дуьне Печать Email

Байсултанов Дауд, д.ф.н.

 

 

 

«Поэташ-м бара, сан мохк, хьан,

иза-м цкъа эр ма ду сох а,

ткъа хьуна везара илланча –

дог долуш хьо шена биллал чу!»

(С. Яшуркаевн йозанаш хоьрцуш, карийна).

 

Тахана нохчийн къоман тоьллачех цхьаъ волчу прозаика, поэта, публициста Яшуркаев Султана зорбанехь «охьайиллина» шен рог1ера цхьа байтийн цикл. Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь  керлачу поэзица башха д1оггара хьистина доцчу, г1еххьа вовшашка олучу дашна а «аьнже» хила доьллачу вайн, дешархойн, кхеле. Хила тарло, шайн дахаран хьаштийн дукхалла бахьанехь, поэзин хазалла юьстах теттинарш, ешча – цакхеттарш, кхета – собар цатоьънарш. Мел хуьлу бахьанаш, дика-вонаш, хиламаш, хан-хене яларца хийцалун тайп-тайпана дезарш, бес-бесара хьежамаш адаман карзахечу дахарехь. Оьрсаша ма-аллара: «Яккхий тоьпаш еттачохь поэзи д1асоцу». Ца хаьа и кица мел бакъ-харц ду-м, амма,  шеко йоццуш, бакъдерг цуьнца цхьаъ ду: даккхий герзаш детташ – вайна гина а, гайтина а хилар.

Ешархочуьнга, цхьаннега, цхьа а бехк баккха ца дог1у кхузахь. Массо воллу цхьацца оьшург деш, шен некъ юьхьара лаьцна, тасавелла. Цхьаверг – оьшучунна т1ехь а – халла таро еш лела. Т1е а массарна цхьатера а ца хеза, ца го, ца кхета, ца 1еткъа. Шен чуьрачунна арахьарниг муххале а. Дахар – дахар ду. Французийн къоман а ду-кх цхьа кица: «Да а, дуьне а резадина вер вац», - олуш ишттачу меттехь.

Яшуркаев Султанан поэзин дуьне – иза цуьнан синан пиллигийн мукъамаш бу. Цо ша бертахь-бертаза баьхна. Казахстанехь дех-ненах хаьдда, ша-шена а совваьлла, малхехь к1ажаш эт1на, мацалла г1алартах тарделла леллачу цхьа буйннал долчу нохчийн беро шийлачу вокзалашкахь текхначу буьйсанашкахь шен дена-ненаца шен махкахь хан яьккха, самах-г1енашкахь хьегна, кхоьллина. Х1ара кхолламо кхийсинчу казахийн г1аланашкахь, яьрташкахь нохчийн мотт буьйцуш хезча, б1аьргех хи а дуьйлуш, оцу мотт буьйцучу нахана, логе х1оьттинчу хораман г1ийлачу  маьхьарца, т1аьхьа иддачу жимчу нохчийн беран. Нийсо, къинхетам боцчу баккхийчеран къизаллин джехил-дуьненахь декъаза бо-бералла текхначу, Г1ум-Азин малхехь йогучу аренашкахь, иштта Алтайехь, 1аьнан хенахь, дехачу аьрцнашкахь дег1ах хьерчийначу т1елхигех чекхбуьйлучу шийлачу мехашкахула г1орийначу когашца, т1арм1араш йоьлла ши куьг йовхонан 1аьцигна бете лоьцуш, и деха некъаш гездеш, т1аккха а, адамийн дикалле хаддаза, шернашкахь, сатийсинчу к1ентан. Леггелц вонаш лайча а, нохчийн яхьах ца вухуш, мискъала зарратал къонахаллех ца волуш, цхьанне дена латкъамаш-текъамаш ца беш, шен махка, Довтин ирзе, юхаверзар хиллачу нохчийн халкъан во1ан – Йошуркъаг1еран Султанан. Цул т1аьхьа д1адаханчу   шовзткъа сов шарахь Даймахке, шена дуьненан аьттонна тилор-тай ца доьхуш, даима вайн мехкан дика-вонехь  1у лаьттина, шен са а, дог а цунна д1аделла, къоьжаллин хене вирзинчу нохчийн поэта Султанан Яшуркаевн ойлано кхоьллина.  Поэтан шен дешнашца аьлча:

Лаьмнашкахь вина со аренца кхиъна,

ламанхо вуй а суо хенахь ца хиъна,

хиъча-ма, кога ларш, йоманаш санна,

некъаш т1е летаеш, хьацарца тоьгуш,

Даймохк, ас некъ бина, хьо гаре хьоьгуш.

 

Ша да мел волу х1ума т1амо дохийна доллушехь, оццу декхаро юха а шен махкана гена ваьккхинчу, Германехь, Францехь, Австрехь, Италехь арайийлина поэтан, яхдархочун, публицистан  нохчийн халкъан илланчин – Йошуркъан Султанан назманаш, дийцарш, ишта роман – «Кескаш т1ера зараллаш» (Царапины на осколках). Хьахийначу эр вай, Израилехь, Латински Америкерчу пачхьалкхийн туьканашка яьржина ю яздархочун киншкаш, «Дружба народов» журналан редакци-жюрис 2011 шарахь российски литературан прозехь «Царапины на осколках»  ц1е йолу яздархочун киншка-эссе 2010 шарахь российски литературехь уггаре пох1маллица язйина произведени лерина дипломаца совг1ат дира С.Яшуркаевна. Германехь, Бельгехь, Францехь, Австрехь и. д1. кх. т1аьхьарчу шерашкахь хилира Султанан творчески юбилейна лерина йина йолу суьйренаш а, конференцеш а. Церан организаторш бара Брюсселеран Маьрша Университетера 1илманчаш, Бельгеран а, Францера а Нохчийн юкъараллийн комитеташ, культуран центраш, книжнийн редакцеш. Яшуркаев Султанан кхоллараллах лаьцна ша язйина реферат йийшира Брюсселерчу университетан профессора Ода Мерлина, х1окху мог1анийн автора а, кхечара а. Дийзира Султанан иттех сов пачхьалкхера болчу журналисташна, теле-радион агенствошкара белхалошна ехха интервьюш яла. Боккха чулацам, маь1на долу уьш хаза, ладог1а, еша таро хилира Европехь бехаш болчу вайнехан а.

Мел девзинчу, зорбане дийлинчу Султанан йозанаша цхьана хаттаран ойла йойту: «Пох1ма-говзалла  х1ун ю? Иза шен стенна ду муха хаа деза?»  Иштачу ойланаша, цхьана жоьпана т1е валаво: хьуна дезахь - ца дезахь (!) хьой санна долчу адамел хьуна атта, говза, дика далуш долу х1ума – и ду-кх хьан пох1ма-говзалла – бохучунна т1е. Оцу т1е кхин а дог1у т1етоха: пох1ма-говзалла долчу стага динарг даима къаьсташ хир ду хьалха динчарех, амма цо динчух тардеш дина хир ду цул т1аьхьа и пох1ма Дала ца деллачара динарг, амма ишта цхьаммо динчух, тардеш дина а. Цхьадерг-м цул дика дуй-те аьлла дина а хила там бу. Амма и шолг1анаш говзанчаш бен бац, шайгара х1ума дан пох1ма ца тоьъна я кхечо динарг тадан лиъна – ишта динарг а лору пайденчарех, и динчо шен-кхечуьнан дозанийн гураш лерина лардахь. Султанан йозанашкахь Дала яздархо хила делла пох1ма го. Цо мел кхин болх-некъ д1акхехьнехь а, ша язъечу йозанашна юкъа мелла а хан йолуьйтуш яздинехь а, Султане и д1атасалур дацара, цуьнан синна-кхетамна цхьа сакхталла ца еш. Яздархочо язйина стихаш, эссеш, дийцарш, роман «Царапины на осколках», поэмаш «Оэма», «Иблисан гулам», философски трактат «Нохчийн жайна»... – цуьнан пох1ма-говзаллица а бен язлур яцара ишта кхечуьнга. Уьш ишта язлун верг Яшуркаев Султан бен вац. Султана язйинчул т1аьхьа,  царех таръеш, язлур ю говзанчашна. Бакъйолчух тера хиларан  шолг1ачу-кхоалг1ачу гонан кепехь. Дика а, вон а. Амма Яшуркаевн кхолларалла т1аккха а къаьсташ хир ю. Кхузахь аьлларг дешархочун лерсинна жимма «аьрхо» хета там боллушехь, эр вай: дика, говза, хьекъален дина х1ума, т1ехьаьжча - атта дина хета. И атталла карор, ишта кхоллараллехь «атта» х1ума дар - пох1маллин коьрта дакъа лору литературехь. 1илманехь, политикехь ду изза. Муьлххачу балха т1ехь а. И бохург дац, пох1ма-говзалла йолуш волчу шина стагана вовшашна гуттара дика хетар ду шаьшшимма динарг а я шаьш санна болчу наха динарг а. Царна шайна-шайна го дечу х1уманан некъаш.

Поэтан некъаш... Дац царна Лаьтта т1ехь дозанаш, доладерзоран шунаш, синхаамашна я бахам-мулкана йина керташ. Винчу юьрте эзарнаш чаккхармаш генара а хеза вайна поэтан аз:

Деган илли сан, чу са диллий сан

г1ой, ц1а кхачахьа –  бу и кхача хьан!

Цуьнах сискалан, цуьнан ветанан,

мерза чамбоккхуш, доггах кхеталахь,

винчу Веданахь, нана-Хорачохь,

Чахчар – к1айн шовда, бердах доллучохь!

Кегий къурдаш деш, иза малалахь,

Довтан дукъа г1ой, сарралц лелалахь,

юха доссалахь юьртан ахка чу...

 

Мел доккха доьналла, собар, синйовхо а, лазам а го вайна шен юьртахошка х1ара мог1анаш яздинчуьнан дагахь:

 

– Мича кхечи хьо, мичахь лийли, х1ун ги хьуна, ойла?

Кхечирий хьо, ламанца йиллинчу вайшиннан эвла?

Х1ун деш яра эвла вайн, юьртахой, нийсархой сан,

хаьттирий кхара, маца воьрзур ву шайн нийсархо ц1а?

Охуш, оруш бара х1орш я мангала баханера,

ц1ера ваьлла аьлла, суна оьг1аз-м ца баханера?

Чуйирзирий хьо, вайн ков-керта б1аьрг тоха, мукъа,

хьалаелирий хьо, 1ожа-ирзе, Довтан дукъа?

Дийцахьа, мел гинарг хьайна, ца гинехь а, дийцахьа,

цхьа хьо йоцург, х1ума  доцчунна… кхузахь а, ц1ахь а!..

 

Яшуркаев Султанан «Нене» ц1е йолчу байтан к1орга ю философски ойла. Нене йолу марзо, нене  болу безам гайта ца тоьа меттан дешнаш, ишта а  нанна хьалха долу к1ентан декхар дуьстина вер вац бохучу ойланна т1евуьгу цо. Оццул сийлахь, деза гайтина нене автора шена нана мел хьоме хилла дуьненахь. Иза дуьненахь буьйцучу маттахь алалур дац, билгалдаккхалур дац бохург ду, ишта цуьнцана – дозалла – «канахь дохьуш санна», ц1еналла а - «башломан ло санна, к1айн» и.д1.кх. Ешархочун х1ораннан яра нана, хилла, йолуш ю...  Маржа я1, даиманна д1а а х1окху дуьненахь хир ю ма-моьтту шен б1аьрзаллина – йоцуш висча-м хаьа иза...  Ца караво кху маьлхан дуьненан букъ т1ехь шен ненаца кхоччуш марзо эца ларийна к1ант. Юх-юха х1ара байт еша дог дог1у ша висинчу тийналлехь. Х1умма цец ца волу шен б1аьргех хьаьдда хин т1адамаш беснеш т1ехула керчарх а... Ша ерриг ялайо вай и байт:

 

Даккхаделча кийрара ара,

хьох ала дош, со вина  нана,

канахь дохьуш санна сайн,

башломан ло санна, к1айн,

коше хьан и дохьур дара,

мокхазан чурт къовлуш мара.

Амма далац и багах, нана -

деза ду и маттана ала -

воьдуш, вог1уш, вуьжуш, г1оттуш,

айса сайн луьра барт хоттуш,

х1ор а мел дог1уча дийнахь,

даш санна, кхоьхьу сайн кийрахь.

Орам тесна цуо синпха лоцуш.

Меттиг яц дег1аца и доцуш,

г1ертар а вац кхин и бухбаккха -

кийра бассалур бара т1аккха.

Даь1ахк, дилха лазадойтуш цуьнга,

ца йожош цхьана хьаьркан цуьрг а,

оьмар хаддолц Делан шен кхело,

дуй бу деган и шеца лело.

Хьо йолччу д1акхаьчча со кхана,

хезар ду и хьуна, сан нана…

 

Нана езар, ненан эшалла, ненан аьхналла... – адаман хьекъал ца тоьа меттан дешнашца маь1на кхачаме билгалдан, д1агайта, д1ахазо; цул деза х1ума дац лирически турпалхочун сица дехаш, иза цуьнан са шен ненан синах цхьаьна кхетталц бен кхоччуш нийса алалур дац бере шен нене. Х1окху дешнаша гойту иза: «Хьо йолччу д1акхаьчча со кхана, хезар ду и хьуна, сан нана…». Дуьненан кхин йолчу марзонех хада а, хадаван а тарло стаг, уьш шен сих д1ахадаян, херъян, якъо, йицъян... амма Нене йолу марзо ойланех хилла ца 1а, иза сицан х1орачу зарратаца лела ... Цуьнцана стаг ла а ле. Велча а, цуьнан Ненан Ц1арца Далла дуьхьал хьажаво иза.

Х1ора халкъан хуьлу шен-шен безаш сийлахь назманчаш. Г1ирг1изойн – Чингиз Айтматов, балкхарийн – Кайсын Кулиев, суьйлийн – Расул Гамзатов, г1алмакхойн – Давид Кугультинов,  ишта д1а кхин а - кхечеран. И ц1ерш яьхнарш бен кхин бац бохург дац оцу халкъийн ишта сийлахь къонахий. Вай -на ала луург кхин ду. Уьш шаьш, къамел дац, Дала хьуьнар-пох1ма делла дешан говзанчаш хилла, амма царех сийлахь-г1арабевла назманчаш бинарш, уьш хьакъдолчу дарже хьалабаьхнарш-м  церан къаьмнаш а, 1едалан куьйгалхой а  хета. Вай хьахийначу назманчийн, д1а ладоьг1ча, ца хилла хила а тарло иштта ойланаш яйта бахьанаш:

 

Х1унда йог1у хьо, ойла, кхайкхаза,

самукъадолу-те, дависсарг,

буса-дийнахь садууш айхьа сан,

воруш-вожуш цхьалха цхьа виснарг!

Я ишта ала:

дег1ах чекхбуьйлу – хьох къа хеташ бац,

малх а шийла бу – хьуна кхеташ  бац…

Лаьмнаш генахь ду – дагна мохтиле,

цаьрга кхачалахь сан син мохь хилий…

 

«Шен махкахь цхьа а пайхамар ца хилла», - боху малхбалехьара схьадеана кица нисса вайна ала дог1уш санна хетало.  Ткъа вайн ма ду ала дош. Ваьшка а, дуьнене а. Вайн ма хилла  назманчаш. Х1инца а ма бу уьш вайна юкъахь.

Оцу ц1ерш яьхначу кхечу къаьмнийн векалел исбаьхьаллин дашна х1умма эшаме я к1еззиг я, г1ийла  яьгна ца го Абдурахьман Авторхановн, Мохьмад-Селахь Гадаевн, Абузар Айдамировн, Мохьмад Мамакаевн, Шима Окуевн,... Султан Яшуркаевн дегнашкахь шен къоме, Даймахке марзонан а, лазаман а ц1е. Суна ца го нохчийн литературехь кхин сийлахь ц1е мел  йоккхучу яздархочунна  юххе х1оттийча, поэтан, яздархочун Яшуркаев Султанан нохчийн литературехь нур кхолош васт а – цунна Халкъан яздархо боху ц1е яла вай сихаллехь дицделлехь – иза а вайца долуш ма дай! Мехкан къонахоша вовшийн сурт-сибаташ ца кхоладо шен халкъан б1аьрхьалха. Цара кхаладо вовшийн нур! Уьш мел дукха хилча а! И ду-кх яздархочух ала, доцца. Цуьнан байтех лаьцна аьлча, уьш ц1ена, к1орггера, чулацамца цхьа а дерт-заралла доцуш, поэтически произведенеш ю. Ишта аьлча а кхачаме ца хета. Х1унда аьлча... х1ора байт Султанан шен маь1ница, дукхахьолахь, г1айг1а-балин чулацамца, динна мукъам болу дела. Царехь ду х1ара мог1анаш а:

 

Буткъбеллачохь, хада мега пха,

хьо воьдуш лаьтташехь деган хьан -

хийла дош дуьсур ду аланза,

хийланиг – къинт1ера валанза!

 

Деана и де т1е кхачале,

тебначу 1ожалло лацале,

мохь охьабуьллу сайн дагт1ера -

волу со массарна къинт1ера!

 

Дуьненчу со маьрша веана,

вер-ваккхар сайца ца деана,

цхьанна а ч1ир а яц суна т1ехь,

дуй баа Къор1анан сурат т1ехь.

 

Амма лирикан турпалхочун майрра доллучу дуьнене  ала а, деха а юьхь ю:

 

Делахь а! Иштта и делахь а!

Суо х1инцца охьакхетта лахь а!

Тахана, сайн къинойх воьттина,

шун юьхьадуьхьал а х1оьттина,

ала ду: вина мохк боьхкина,

ас коча мидалш ца оьхкина!

Сом а ца диллина кисана,

куьйгаш т1ехь ц1ий а ца дисина!

Къам а ца декъна ас юккъех сайн,

герз а ца лелийна юкъах сайн,

маьхьарца майдан т1е х1оьттина,

ц1ехь вуьзна дарже ца х1оьттина!..

Делахь а, сайн къинойх воьттина,

къинт1ера ваьлла со массарна,

шуна а хийла т1ех1оьттина,

аш а дог даста шайн… ас санна!..

 

Тахана вайга х1оранга а ойла йойтуш, маь1не дешнаш ду уьш. Х1ораммо ойла ян езаш...

Кхин дика хила йиш ян а юй-те аьлла, товш, куьце халкъан метафораш ялийна, халкъан мотт вуно дика хааре терра,  Султана шен поэзехь: «тезета хевжина баккхий нах санна», «кхолламо хан тоьхнарг нехан мохк хьеша», «ангалин говзанчо боьттича санна», «керара яьлла охьакхетта кхийра кхаба санна», «лаьхьа санна», «берд санна», «ж1аьлеша кхакха санна», «бет1ана х1орд санна», «вай даьлча санна», «буьхьиг санна», «хьан ломан тарххал», ишта кхин иттаннаш а.

Х1ара байт М-С. Гадаевн «Чурт санна, лаьтта со Г1ум-Азин арахь» мог1аре х1отто йог1у аьлла хета:

 

Нана-Даймохк, гур буй-те кхин,

мер дуй-те хьан шовданин хи,

1уьйре г1оттуш, ирзе вуьйлуш,

лелар вуй-те хьан х1уо моьлуш?

Неха махкахь лийр ву те-ша,

стаг а воцуш Еса деша,

велча диса каш а доцуш,

Даймохк, хьуна дагахь воцуш!

 

Хийрачу махкахь, шен Даймахкана генахь, кхоьлина го малх а, сирла дуьне а, б1аьргийн дуьнене хьийсарехь, ойланийн г1айг1анехь йозаллин барам-анайист яц поэтан:

 

Малх, хьо малхах тера х1унда бац?

К1ора санна, 1аьржа кхетта хьо.

Бутт, хьо баттах тера х1унда бац,

б1аьрхих бешна х1унда ледда хьо?

 

Иштта Яшукаевн поэзин лирикан тупалхочу а боху:

 

Суо вац сайх тера тахана,

генера хьажарх я уллера,

сох тера хилларг д1авахана,

и тилла веана хиллера…

 

Яшуркаевн «Кескаш т1ехь зараллаш» («Царапины на осколках») ц1е йолу оьрсийн маттахь язйина роман а вайн литературехь уггаре гояьллачу произведенийх цхьаъ ю: кхечу меттанашкахь а араялла иза. Кхин а, вай хьахийначуьра аьлча, цхьа башхалла а ю оцу романан авторан хот1ан: цхьанненна а дага ца дог1учу я хийла яздархочо тесна 1адда дуьтуш, тергал ца  дечу х1уманна т1ехь динна цхьа дахаран аг1о гайтар. Иштта  язйинчу оцу романан чулацамо - ешархочунна шен б1аьрг-куьг т1екхочуш санна, сирла дахаран сурт хьалха х1оттош, цхьацца меттигашкахь Шима Окуевн, къаьстина Селима Курумован кхоллараллин уггаре дика яздина йозанаш дагадахкийту.

Массо т1аьххьарлера С.Яшуркаевн поэтически произведенеш,  цхьана т1ег1ан т1ехь санна, говза а, лирикан турпалхочун ойла к1оргера гайтарца  а язйина хета. Шеко яц, царлахь цхьа а ца го мух-мухха язйина. Вай лакхахь хьахийначунна т1етоьхна аьлча, шен балха т1ехь – авторна хаахь - иза цунна Дала еллачу говзаллин билгало ю. Муьлххачу 1илманан талламашкахь хета иза коьрта долуш санна. Иштта пох1ма долу яздархо цхьанненца а хьаг1-гамо (зависть) йолуш ца хуьлу. Цуьнгахь шегахь ду шен дахарехь дина ца валлал дукха дан делларг, дан луург а. Султанехь, шеко йоццуш, иза ду. Цхьа а я прозин, я поэзин произведени а яц аьлла хета яздархочун кабинетан чуьра корах ара а хьоьжуш, шена телевизор чохь гинчух, ша цхьана яздархочун  ешначу книжки т1ера шен кхоллаеллачу ассоциацех я еккъа цхьа фантазин ойланца х1оттийна, цкъа Султана шен дег1ах-синах чекх ца йоккхуш. Автора шен произведенешкахь гойту дахар цунчул кхечунна дика хуур долуш ца го. Иза шуьйра г1арабевлачу, дукха а дахаран з1еделларг долчу яздархойн а, наггахь бен йоцу аг1о ю кхоллараллехь. Ишта аьлча, х1окху мог1анийн авторна, дерриг, хадам боллуш, го бохург - аьттехьа а дац. Говзаллица динчу х1умано кхетаво, хьекъална боккха кхача хуьлу цунах, цхьацца и тайпа корматаллица язйина произведенеш йоьшуш, дукха х1ума девза, ешархо ша-шена т1ехь а дикачу аг1ор болх бан волало – и ала г1ерта вай.

Г1аж таккхол ша хилчхьана, къоьжаллин хене верззалц - поэтан син мукъамашкахь, х1ара ду аьлла,  Даймахке бина латкъам я шена дуьненан даьхний доьхуш дехар дина ца карадо вайна, х1ара цхьаъ доцург:

 

Дог 1абош б1аьрг тоха, хьан лаьмнаш гина,

шийлачу шовданан бовха къурд бина,

цул т1аьхьа хьан бай т1е бертал а кхетта,

гатделла са даьлла меллаша парг1ат,

вертанах т1е озош стигланан бархат,

вуьжийла, Даймохк, со 1ожаллин метта...

 

Тахана, вайн ма ю ала йиш, х1умма лерехь ца олуш, ч1огг1а, дуьненна а хозуьйтуш, вайца, вайн дуьненахь ву оцу даржна хьакъволу векал – нохчийн къоман Илланча Йошуркъин Султан. Иштачу илланчин ду шен к1ентан к1ант хьаста аьхна дешнаш а:

 

Эх1, ма воккха хилла дадийн к1ант,

поп санна, лекха хьалавахана,

стол т1е а кхочу, х1оттийча г1ант -

шо кхаьчча дадийн к1ентан тахана!

 

Ду винчу лаьмнашка доьналлица ала а:

Кхера дог1маш-м т1улгийн даций,

иштта хьанна хетта уьш?

Ладог1ал ткъа, сан дог лаций,

лаьмнийн симпха бетталуш.

 

Махке юьхь дуьххьал д1акхайкхо а:

Мел дукха дара сан ала гулделла:

халкъе сайн, Даймахке, суо винчу нене,

дахаро боьттина къаьхьа кад мелла,

д1акхайкхо кечдина маьлхан дуьнене!

 

Нохчийн маттаца хьасене къамеле вала а:

Гора я1, нохчийн мотт, дош метта диллий,

д1аала вайша цхьа даггара илли,

хьалхара ахь олуш, т1аьхьара – ас,

дуьненна хазийта вайша хьан аз!

 

Я ишта даггара  ненан матте ала:

Схьаболахьа, нохчийн мотт, улле охьахаахьа,

хазийтахьа дагна хьайн дешнийн мукъам,

ца воллу со илли ала г1ерташ садаа хьан,

ненан мотт хезча долур-кха самукъа.

 

Дукха хьан ю херделла вайша, ахь со ца вуьйцуш,

ас хьо ца буьйцуш – вовшен дицделча санна,

даго маса сардам буллу, хезанчунна луьйца,

со хьох векхинчарна, хьо сох бекхинчарна!

 

Ца воллу, х1ара аьлла, хоьга х1ума деха а,

к1адвелла тоххарехь байташна дешнаш леха а,

Ишттта, паргг1ат, цкъа хьуна улле охьа а хиъна,

дагалаца лаьр-кха хилар суо хьан накха биъна...

 

Дуьнене бехк баккха а:

«Ц1ечу тептар» т1е доккху вайн экха -

ца дейта, буц а - ца яккхийта,

нисса цхьаъ бен йоцу Лаьттан экъа

кеч а йина кхана... эккхийта...

 

Вайна массарна хьалха а ваьккхина, - халкъийн илланчашна юкъахь а ишттаниг к1езиг карош волчу, - х1ораннан ц1арах  Деле до1анехь деха а:

 

1аламаш кхоьллина, я, Аллах1 Дела,

къина ма ларалахь дош сан къамелан,

ваьллехь со кхузахь, луьйш-олуш, кхетамах,

тешна ву, я, Аллах1, Хьан къинхетамах!

Сан нигат гуш ду, со кхоьллинарг, Хьуна,

кийра Ахь диллина и нигат суна.

Ас до1а дине Хьоь, новкъа суо волуш,

нийсачу новкъа Хьайн вига суо олуш!

Хьо ву кху доллучу дуьненан паччахь,

Хьуна го дерриг а Хьайн Куьрсахь 1аччахь.

Йиш йоций хуъушехь сайн х1уммаъ хийца,

Хьоь пурба дехна ас дерг кхузахь дийца.

Хууш ву дезий сайн эхарте верза,

дуй хаьа х1оттийна Хьан Мизан-терза,

цу дийнахь, ца тухуш иманах тиллачех,

я Аллах1, тохалахь, Хьуо реза хиллачех!

Хьан лай ву, Дела, со, ву миска пекъар,

Ахь делларг ду, Дела, сан коьртехь хьекъал!

Хьоьгахь ю серло, са гойтург боданехь,

Хьо воцчо гойтур бац дикане боьду некъ.

Ахь сайна бихкинчу новкъа со ваьллехь,

Хьо реза воцург сан маттаца даьллехь,

суждане вужу со, дог делхош сайн,

къинхетам белахь, я Аллах1, Хьайн!

 

...Шераш-м, Дала шен азаллехь яздинчу йозанца нийсса, д1аоьхур ду шен хан-заманца валар-висар-кхоллар д1ахьаш. Хьалха ма-хиллара, шен заманахь цхьадолу дика-вонца динарг а,  динарш-хилларш а адамийн кхетамахь даха дуьсур ду х1окху харцдуьнен т1ехь. Дукхахберш а, дукхахдерш а дицлур ду... мел дицдала хьакъ дацахь а. Хийла похьмаллица дина х1ума дицлуш, д1адовш, ткъа адаман кхетаман ледарчу «говзаллица» дина х1ума цхьана хенан юккъехь васхаллехь гур ду. Массо стагах дез-дезаниг дуьсуш хилча, х1окху дуьнено ловр дарий ца хаьа иза. Адаман ойла а, шен заманан хьашташца хийцалуш, лаьтта. Тахана дерг – кхана хийцалой а карадо. Оцу ч1аг1даран аларехь х1умма дешархочун кхетамна керланиг я цахезнарг, я цагинарг я хьалха ца баьхнарг а дац. Дуккха г1алаташ карор ду цхьана хенахь – кхечунна – вукхарех, цхьаьнгара, вукхуьнгара, кхечуьнгара - вайх дийлина, мацца а дуьззина шен кепехь х1оьттина, синлазар хьаь1на даьлла хьал д1ах1оьттинчу хенахь. Хетар ду и дерриге т1аьхьа йог1учу заман чкъурана шайн хьуьнаршца буххара дуьйна хьала хийцина, нисдина, хьекъалца кхоьллина, д1ах1оттийна ду аьлла... Иза а, 1ехалойла йоцуш, дерриге бакъ хир дац. Философ-схоласт хилла волчу  Бернард Шартровскийн нийсачу дешнашца аьлча: «Дерриш вай – хесара нах ду наьртийн белшаш т1ехь, царна  т1ехь лаьтташ хиларна царначул  гена хьажа таро хилла, - иза я царел дог1маш лекха хиларна а я б1аьрса ира хиларна а дац, - церан белшаш т1е хьаладевлча  царел лекха вай хуьлу дела ду».  Иштачу наьртех олу-кх мехкан къонахий - Халкъан Назманчаш...

 

 

 


 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта