Со ирсах ца хьаьгна…
Резванова Айза Хьох дийца дезар-кха… Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Хьомсарчу ненан дог хьостуш. Кегийчу берийн б1аьрг белош, Диканах дайн дегнаш тешош. Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош, Даймехкан турпалхой хестош, Доьзална барт, безам хьоьхуш. Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Безачийн ойланаш юцуш. Б1аьргашчохь ц1еран суй летош, Безамах, ирсах дог дузош, Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Куц хазчу 1аламах иэбеш. Зевне аз шовданех декош, Хьо бийцар дуьненна хаздеш. Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Пондарца мукъаме бохуш. Иллешкахь сийлалла кхайкхош,…
Read More