ГЕЛАГАЕВ Сайд-Мохьмадан – 80 шо

Facebook
Google+
http://www.nana-journal.ru/?p=1343
Twitter

печать
Сайд-Мохьмад ша меттан воккха говзанча а, мотт безаш а хиларе терра, х1ора дашца а ч1ог1а г1иллакхе ву. Лаа дац, маь1не а, чулацаме а йолчу цуьнан байташ нохчийн илли а, эшар а лакхархоша – Такаев С., Эбиев И., Ташаева М., йижарша Сайдулаевара, иштта кхечара а – локхуш хилар.
Cайд-Мохьмад дуккха зеделларг а, пох1ме, чулацаме кхолларалла йолуш волу поэт ву. Цуьнан байташкахь безам а, лазам а го вайна, цул совнаха – и ду коьртаниг – цо язбинчу х1ора мог1анехь гуш ду, шен ницкъ кхочучу аг1ор Даймахкана, халкъана  дика дан лааран догъойланца и вехаш хилар.
Винчу денца Сайд-Мохьмад даггара декъал а веш, дахарехь ирс-аьтто а, кхоллараллехь баккхий кхиамаш хуьлийла а лууш, «Нана» журнал дешархошна йовзуьйту цуьна цхьа йолу иллешкий, эшаршкий йирзина байташ.

Гелагаев Сайд-Мохьмад

ИРСЕ Ю НАННА БЕР МЕЛ ДОЬЛУ ЗАМА

ДЕЛАН ДИКА

Стигланан шуьйра гуо буста,
ДIаоьху ойланаш сан.
Азалле, абаде хьеста,
Хийла тIомадолу са.

Шайн синойн нур-зIаьнарш дебош,
Баьхна нохчийн наной, дай.
Баьхна уьш, дог даге кхийдош,
Цу дегнийн нур хьерча вайх.

Цо кхоьллинчу малхехь вайна
Даймехкан юьхь-сибат го.
И ду вайн кхолламан жайна,
Вайна цо синкхетам ло.

Стигланан шуьйра го бустий,
Лаьтта юьссу ойланаш.
Т1аккха, сих, дагах а хьаьрчий,
Кхуллу иллеш, назманаш.

Ненан маттахь Даймохк хьеста,
Ека халкъан дуьхьа уьш,
Бо сийлахьчу Далла хастам,
Цо мел дина дика гуш.

*  *  *
Хьо ца гуш, Нохчийчоь,
Текхна ас кхойтта шо.
ГIум-аренаш ма-ййу
Бода а гуш.
«Зверёныш, бандюга…»
Бераллехь хилла со,
Ваьлла со кху хене
И диц ца луш.

Хьо езаш вара со,
Ялх шо бен доццушехь.
Нохчийчоь, хIетахь сан
ГIан дара хьо.

Езарна бераллехь,
Еза хьо къаналлехь
Цхьа гIулч а ца яло
Соь къаста хьох.

Мел веха, сан ю хьо
Велча а – сан хир ю,
Хьо сих дIа ца къаьсташ,
Сан Нохчийчоь.

«Веллачул тIаьхьа а
Хьо дийна хир ма ву,
Сан бер хьо хиларна», –
Боху ахь соь.

Нохчийчоь, хьох яьлла,
Яйра сан бералла
Ахь цунна сагатдо,
Къахеташ сох.

Бераллин син зIаьнарш
Хьох къаста ца елла.
Хаалахь, тахна а
Хьерчийла хьох.
Беран делар

Ирсе ю нанна бер
Мел доьлу зама.
Йоьду и, нур даржош,
ТIемашца шен
Иштачу заманан
Сийдан вай Iамахь,
Хедар яц маршонан
Машаран зIе.
Юхур яц адамийн
Адмалла цкъа а,
Нанна бер делийта
Хан латтаяхь.
Къинхетам латтабахь
Дегнаш чохь царна,
Нанна бер доьлур ду
ГIенахь, самах.
Нанна бер мел доьлу
Вайн дегнаш доьлу,
Сирлачу зIаьнаршлахь
Гуш Нохчийчоь.
Ишттачу серлонехь
Самалхадолу.
Дулу шен син мерзаш
Бакъ илланчо.
Декаде, илланча,
Берашна илли,
Шайн нанойх нур хьерчош
Делийта уьш.
Цу берийн деларо
Чу са а дуьллий
Лоькхуьйту Даймехке
Аганан йиш.

*  *  *
Хоьгу нохчийн къомо бала…
Латтайо цо кийрахь вас.
Ас сайн ден каш тIехь хIун ала?
Ненан каш тIе хIун хьо ас?

Ас хIун дуьйцур ду те цаьрга,
Церан гIан ца делхадан.
Дагахь – ненан тIуьна бIаьргаш
Дагахь – бала хьегна да.

Баьгна Даймохк – дуьне даьгна.
Даьгна дас доьттина цIа
Хийла вийна, хийла вайна:
Тилла панадаьлла са.

Ас дайн кешнашкахь хIун дийца,
Доьлхуш хилча хIора чурт.
Хуьйцур дуй те, оьмарш хийцарх,
Замано и ирча сурт?

*  *  *
Нанас со хьан дуьхьа
Вина, Даймохк.
Хьан дуьхьа кхиорна,
Сирла ду дог.

Хьан беша дийна ас
Сайн деган хIу,
Со велча хьан дуьхьа
И кхуьур ду.

*  *  *
Аьрзунан тIемаш кIел
Нохчийчоь кхиъна.
Яц цуьнан зIаьнарел
Товш зIаьнарш дагна.

Ойланех хьерча уьш,
Зезагех санна,
Йовхо луш, серло луш
Са оьшу царна.

Цундела кхоллало
Назманаш, иллеш, –
Нохчийчоь елало,
ТIеман цIе гIелъеш.

БАКЪ ТУЬЙРА

Нанас винчу дийнахь дуьйна
Хестайо ас Нохчийчоь,
«Ду и сиэ бакъдина туьйра», –
Боху кху дуьнено соь.

Кху дуьненан ялсамани
Ю баьхна вайн дайша и.
ЛадогIа, нах, дайн назмане,
Денош лоруш бIешерийн.

Юьйцу цо, вайн дайн ойланаш,
Ца хадийта халкъан сих.
Iамийна цо сан назманаш,
Дан, нанойн узамийн сий.

Цундела азаллехь дуьйна
Сийлаллехь ю Нохчийчоь.
Ду и абадин бакъ туьйра,
Дуьйцуш бакъ дог дол-долчо.

ДАЙМАХКЕ

Хьан марахь ваьхна со,
Вехаш а ву.
Со ваьхна хIора шо
Хьан малхехь ду.

Бер санна, хьестарна
Даима ахь,
Ца дов сан де эрна
Геналлехь, цIахь.

Даймохк, хьан серлонехь
Язйина байт
Хьерчош ю седарчех
Син сирла тай.

Хьо резайина кIант
Дог цIена ву.
Дац цуьнца хIилла, ант,
Стогалла-м ю.

Дац цуьнан бакъ кхоло
Дуьненахь харц.
Деттарх цо шен талу,
Дохалур дац.

*  *  *
Мохк баьгна, бисна чим
Сан даг тIе буьллу ахь, зама.
И тIеман ирча жин
Хьанна ду ваша я захал?

Сан хьоме Нохчийчоь
Ю, беран дог санна, ховха.
Хьоьжу и гIийла хьоь,
Ца тоьуш хьан маьлхан йовхо.

Амма хьох теша и,
Хиларна долахь хьо Делан.
Ницкъ лохьа цунна кхин
Ца елха – ела.

Ницкъ лохьа суна ахь,
Ойланийн малх цунна латто,
Ца хирриг хьан новкъахь
Цкъа а кхин серлонан гатто.

*  *  *
Деладейша зезагаш,
Дегнаш деладай.
Декадейша шовданаш
Ойланашкахь шайн.

Яйта хьаьъна ойланаш,
Сан махкахой, соь,
Кхолла иллеш, назманаш,
Хесто Нохчийчоь.

ЛадогIа сан назмане…
Ала тIаьхьара.
Дийца халкъе, Даймахке
Доггах дагара.

Хир ду тIаккха ирсе халкъ,
Даймохк хазлур бу.
Айдийр ду цо дегнийн бакъ, –
Харцо хьоьшур ю.

Хьоме дешнаш
(Илли)

Даймахкана илли деко
Хиэ тулгIенаш ийайо.
Олхазарша, тIемаш дегош,
Шайн эшаршца хестабо.

Дека хезехь сирла хьоста,
Узам беш бу къена наж.
Хуьйшу наж тIе Даймохк хесто,
Яхье юьйлуш, ойланаш.

Самах, гIенах дагайогIу
Сан ден назма, ненан йиш.
Цундела сох хьерча йогIу
Сан Даймехкан анайист.

Нана, да, мохк кхо дош хуттий,
« Нана-Даймохк!» – олу вай.
Царал хьоме дешнаш дуй-те
Кху дуьненахь, я-ла-лай,
Я-лай-лахI-ва-ла-лай,
Ва-лай-лахI-я-ла-лай.

*  *  *
Дайн дегнийн ДегIаста,
Сан деган Даймохк,
Син зIаьнарш хьерча хьох,
Безарна хьо.
Органан тулгIенийн
Мукъамаш хезна,
Назманча хилира
Азаллехь сох.

Ваьлла со дуьнен чу
Хьан зIаьнарш леца,
Ойланийн стигал кIел
Дебийта нур.
Дайн синош ца дайна…
Царна хьо беза,
Цундела дийна ду
ХIора а чурт.

Цу чартийн йозанаш
Хьан лаьмнех хьерча:
ЗIаьнарийн йозанаш
Цкъа а ца дов.
ГIиртира хьерча хьох
ТIамьIаьржа марчо,
Амма го серлонехь
ХIора а бIов…

Еза хьо, Нохчийчоь,
Сил дукха суна,
Сайн нана ма-еззар,
Ма-веззар да.
Еза хьо хIора а
Бакъ нохчочунна,
Дезарх а хьан дуьхьа
Баланаш лан.

*  *  *
ХIун дан деза, Нохчийчоь,
Бер санна хьо марахь хьеста
Баьхна сан дас, нанас соь:
Iама Нана-Даймохк хесто

Лела дог сан сийналлехь,
Лаьмнаш хьеста, тIомадаьлла.
Нохчийчоь, хьан хазалла
Сох илланча вина яьлла.

Ду сан иллеш шовданех
Тарделла хьан лаьмнаш хьоьстуш.
Хан-заманан йохаллехь
Декар ду уьш, хьо а хестош.

НОХЧИЙЧОЬ

Сайн дай баьхна Нохчийчоь,
Ас хьан лаьтта син хIу доь,
ТIеман дIовш дIадалийта,
Могуш-маьрша яхийта.

Боху, Нана-Нохчийчоь,
Дайн-нанойн синоша соь:
«Ца йолуьйтуш ледарло,
Эшахь, хьуна са дIало».

Доху хьуна, Нохчийчоь,
Иллеш хIор бакъ нохчочо.
Ахь илланча варна сох,
Хьерча деган марзо хьох.

Хиъна хьуна Нохчийчоь,
Ца хадийта нохчийн хIу.
Бу хьо ларбан къонахий,
Бу хьо хьеста мехкарий.

ИЛЛАНЧА

Шовданах тарделла
Маршонна ног
Етташ ду даим а
Илланчан дог.
Син мерзаш декош цо
Бакъ кхайкхадо
ТIаккха вайн дегнаш чохь
Нур кхоллало.

Кхоллало дегнийн уьйр,
Барт кхоллало.
Цу шиннан серлонехь
Са сирла го.
Го вайна Даймехкан
Лаьмнаш тIехь нур,
Хесторна илланчо
Дайн синойн уьйр.

Илланчан син оза
Сих дулуш ду.
ХIор а шен, дашца и
Бакъ кхайкхош ву.
И бакъ тIеэцначо
Харц эшадо.
Цундела аганахь
Бер делало.

Делало ненан дог,
Да велало.
Церан цу деларехь
Мохк сирла го.
Нохчийчоь хазийнарг
И серло ю.
И дегнех хьерчош верг
Илланча ву.

ДЕН, НЕНАН ХЬЕХАМ

Нохчийн нанас нохчийн дена
Варна нохчо хилла сох.
Цу шиннан сирлачу дегнийн
Серло лепа Нохчийчохь

Цундела харцоне бода
Сан дагах ца хьерчало
Хьоьсту ас Даймехкан шовда.
Цуьнца син аз декадо.
Езарна сан дена, нанна,
Еза доггах Нохчийчоь.
«Iама хьуо везийта цунна», –
Олура дас, нанас соь.

Цу шимма мел бина хьехам
Ас иллешца бекабо.
Цуьнца ду сан хьекъал, кхетам,
Сан дог цунна деттало.

Теша со, ша суна санна,
Нохчийчоьна везарх со.
Цуьнца го сайн ден са суна,
Ненан са а цуьнца го.

САН ДАЙМОХК

Боьлу хьо, сан Даймохк, суна,
Сан дог малхах тар а деш,
Веха со дуьнен чохь хьуна,
Сайн син зIаьнарш лепаеш.

1амийна со шаьш ма-хьесттар
Сан дас-нанас хьеста хьо,
Цундела, Даймохк, хьо хестош
Ас сайн иллеш декадо.

Сан ден хьехам, ненан безам,
Дог дуьззина соьца бу.
Нана-Даймохк, хьан зIам-зезаг
Хилла дог сан лепаш ду.

Сан Даймохк, хьо безаш даьхна
Дуьнен чохь да-нана сан,
Царна безарна, хьо безна
Хьерча хьох сан сирла са.

*  *  *
Дай лелла тачанаш, некъаш,
Йойту аш ойланаш соь.
Iамаво бакъ дешнаш леха,
Теша сох сан Нохчийчоь.

Воккху аш Башломан боьххье
Дайн, нанойн синош ган со.
Лепарна уьш цунна юххехь,
Даймехкан юьхь сирла го.

Хьаьъна го хIора а шовда,
Чухьаьжа юьхь-сибат гуш
Сийлахьчу вайн Дала говза
Кхолларна, дог хьеста уьш.

Дай лелла тачанаш, некъаш,
Йойту аш бакъ ойла соь.
Цундела сан даг чохь еха
Дай баьхна бакъ Нохчийчоь.
Лела сан бералла

ГIум-арахь тилла.
ХIун дина хилла те,
Бала лан цо?
Лайна цо тов цигахь,
Лайна цо чилла.
Ца деша сан даг тIехь
Цигара луо.

Хуьйдира гIамаро
Сан ненан бIаьрхиш.
«Йиц ца ло и хало», –
Олура дас
Диц ца ло мацалло
Дайина бераш,
Хьийза сан ойланехь
Цу хенан дарц.

Бераллах кьаьстина,
Хала ду ваха.
Мел лехарх, карор яц
Памаршлахь и.
Карош дац цигахь сан
Вешин каш, лехарх.
Чекхдуьйлу xlop а шо
Довзанза ирс.

ЦIа веъча, шен ден чурт
Ца гира дена.
И лаьттинчу каш тIехь
Вилхира да.
И велхар диц ца луш,
Воьлху со денна.
Сан логашад булуш,
Хан оьху дIа.

ШЕМАРА ХЬЕШИЙ

Даймехко коьмаьрша
Шуьйрра мор баржий,
Шу догIуш кхаъ хилла,
Шемара хьеший,
Хьоме ду цунна шу,
Шен бераш санна,
Уьш шен тхов кIелахь гуш,
Кхаъ хуьлу нанна.

Замано къеждина,
Лаьмнаш дIахьуьйсу
Шемара шен кIант-йоI,
Даре сатуьйсуш
Нохчочун, сирлачу
ХIусаме кхача.
Шен къоман доьзаллехь
Мерза бу кхача.

Хийла а пачхьалкх ю
Дуьнен чохь йоккха
Амма цул мел жима
Даймохк бу боккха,
Нилал, Евфратал а
Хетар ду шорта
Хьайн мехкан тархан кIел
Бухдуьйлу шовда
Нанойн бIаьрхих тера
Сирла хьост мийлахь
Бужур бу даг тIера
Сингаттам бала.
Кхечу маттаца вайн
Дош а ма хийца.
Массанхьа ненан мотт
Биц ца беш, бийца.

Шовдано боху соь

Даймехкан шовданан
Йиш дагах юлу,
Цундела и санна,
Са цIена ду.
Шовданца сан ойла
Къамеле юьйлу.
Цой, асий буьйцуш берг
Нохчийн мотт бу.

Иштта и хаза мотт
Хета син хьоста.
Цу маттахь кхоллало
Аганан йиш.
Шовдано эшарца
Нохчийчоь хьоьсту,
Декадеш хаддаза
Шен хьаьъна хиш.

Шовдано боху соь:
«Мотт цIена бийца,
Ма-бийццар шайн хенахь
Хьан нанас, дас.
Нохчо вац бу бохург
Нохчийн мотт ирча,
Ша нохчо ву ала
Бакъо а яц.»

Воьду со шовдане
Дагара дийца.
ТIаккха цо сан дагах
Ног етта шен,
Дезарна ненан мотт
Ас шеца бийцар,
Ца хадош дайшкара
СхьайогIу зIе.

«И зIе ларъелаш аш,
Варе ларъелаш», –
Бохуш ду весеташ
Вайн нанойн, дайн.
Баьхна уьш тIаьхьенех
Даггара тешаш.
И бакъдеш декаш ду
Шовданаш вайн.

*   *   *
Собарде, хан-зама. Лахде хьайн болар,
Йоьхначу тахненна йиш йоьхна сан.
Сан сих цо хьерчайо бодане кхоларш.
Далла дIагайта лууш дац са.

Собарде, мулкалмот, сих ца луш, жимма.
Хан йита кханенан юьхь-сибат ган:
Цо яшор ярий те тахненан чилла,
Ден а деш Нохчийчохь мел даьгна цIа?

Собарде, сих ма ло, зама, дог гIелдан,
ДIадаллалц ойланех хьаьрчина дохк.
Тояллалц хIусам ас ден-ненан кертахь;
Денбелла схьагаллалц Нана-Даймохк.

ХЬОМЕ ДЕШНАШ
(Илли)

Даймахкана илли деко
Хиэ тулгIенаш ийайо.
Олхазарша, тIемаш дегош,
Шайн эшаршца хестабо.

Дека хезехь сирла хьоста,
Узам беш бу къена наж.
Хуьйшу наж тIе Даймохк хесто,
Яхье юьйлуш, ойланаш.

Самах, гIенах дагайогIу
Сан ден назма, ненан йиш.
Цундела сох хьерча йогIу
Сан Даймехкан анайист.

Нана, да, мохк кхо дош хуттий,
«Нана-Даймохк!» – олу вай.
Царал хьоме дешнаш дуй-те
Кху дуьненахь, я-ла-лай,
Я-лай-лахI-ва-ла-лай,
Ва-лай-лахI-я-ла-лай.

НЕКЪАШ

Дахаран и некъаш галморзахдийларх,
Халанаш дитина, аттанаш ца лоьху.
Стагана ас дина гIуллакхаш хиларх,
Дан дезарг бен динарг дага а ца догIу.
Ахь соьга ма хетта:
«Х1ун деш ву хьо?» – алий,
«Хьо х1ун дан ца кхуьу?» –
лаьа ахь хоттийла.
Дахар ду де  санна, цундела садале,
Лаьар-кха дерриге суо дина волийла.