Нани Ненан суьлхьанаш

Facebook
Google+
http://www.nana-journal.ru/?p=1321
Twitter
печать

Дахо Iалви

         1аьнан зама

Нохчийчохь 1алам а, хенан х1оттам а шайн башхалла йолуш ду. Везчу Аллах1а иза дозуш нисдина-кх, вайн мохк дуьненан барамаллехь Ша кхуллуш х1оттийнчу хиламийн низамца.
Дог1анаш, муьлхха а йочанаш, дукхахьолахь, вайн латта йокъанах лардеш, хьогаллин совхуо еш долчу т1ег1анехь хуьлу. Кавказан лаьмнийн баххьашкара охьанехьа дуьйна шовданаш, хиш, 1аьмнаш ду вайн 1алам исбаьхьчу беркатехь латтош, хьаннаш дебош, дуьйш-дерзо лаьттанана а, бошмашна а туокхо луш.
Ишттачу махкахь х1аваъ т1уналлах дуьзна хилар тамашийна а дац. Цхьа бакъду, гуьйре юкъал т1ехъяьллачу хенахь, 1аьнан заманахь, къаьсттана лаьмнийн ярташкахь бехачу нахана, цу хьоло мелла а хало хуьлуьйту. Юккъерчу барамал и т1уналла сов хилахь, шело бахьанехь долу ун а хуьлу тергонехь латтон дезаш.
1аьнан заманчохь 10 градус а, цул сов х1ета а, шело лан атта ца хуьлу Нохчийчохь. Сибрехахь я кхечу шийлачу мехкашкахь х1аваъ вай долчохь санна т1уьна дац, цундела 20–30 градус шело а цигахь адмана атта хуьлу лан.
1а к1еда хуьлу Нохчийнчохь, амма наггахь шераш-м дог1у и ч1огг1а шийла долуш а. 20 градус а, цул лахара а. Лаьмнийн ярташкахь хаъал шийла нисло 1аьнан хьал. Б1аьсте юкъал т1ехъяьлча а чохь пеш ягон езаш, буьйсанаш шийла йог1уш хиларна.
Суна дагдог1у, 1а ц1евзина шийла деъча, эвла йоькъуш дог1у Марта, буто бинчу шано деригге къовлуш хилла. Говра йоьжна дечиган салазашца цу ша т1ехула, дехьа-сехьа буьйлуш, ча-йол а кхоьхьура, хьуьнхара а, тог1ешкахь гуьйрана хино охьатекхийнчуьра гулдина дечиг а дохьура.
Иштта деанчу 1аьнан заманахь наха даьхни хи малийта Мартан йисте лохкура, цхьана меттера лом я диг деттий ша боха а бой. Кегий татолаш-м лаккхара дуьйна бинчу шано лакъдора. Мала хи а наха циггара, Мартанчуьра кхоьхьура. Юьртахь кранташ яхкале хьалха дара иза. 1981-1982-чу шерашкахь а деара 1а ч1ог1а шийла.
Бакъду, 1а мел шийла хилча а, бераш чохь-м ца совцалора: лайн мижаргех ловзура, салазаш хоьхкура. Салазаш массаьргахь а ца хуьлура, амма хахка муьжгийн эткийн къоьла яцара. Церан айраш шарделча, салазхошна т1аьхьа ца вуьсура эткаш хаьхкина вог1ург. Шелладалар х1ун ду ца хууш, берашна ч1ог1а синкъераме хуьлура и хан. Суна а цхьаьна…
Амма 1а – беха мур бац, Нохчийчохь берг х1ета а.

Суьлхьанийн буьртигаш

Шен рог1ехь юха а т1едеара 1а.
Бес-бесара хиламаш, дахаран некъаш, кхин а цхьацца бахьанаш долуш, хене мел довлу а ца нисло, кест-кеста йиша-вешица, дехьа-сехьара кегийчеран доьзалашца цхьаьна а кхетта 1ар.
Ткъа тахна-м тхо дерриш а цхьаьна ду. Вовшах кхета бахьана а хили – йишин йо1, кхечу махкахь ехаш йолу, шен доьзалца хьажа-х1отта ц1аеъна. Дуьйцуш, олуш 1аш, тхан Ненаненах (Нани Нана) лаьцна дийцарш нисделира. Цунах дийца-м дукха дара. Тхо жималлера мерзачу даглецамийн уьйраца доьзна ду цу 1аламат дикачу адамца. Нани Нана оьзда стаг яра, къинхетамах, комаьршаллех дуьззина дог а долуш, дукха хало гина а, вайн массеран наноша лайна бала а лайна. Дегахьара я ненехьара баккхийчарех тхуна т1етовжа а, ган а висина стаг а вацара, ненанана йоцург.

* * * * *
Дедена 1937 шарахь сталинан 1едало лаьцна тоьпаш тоьхнера. Нохч-Г1алг1айн къоман пачхьалкх х1оттайарехь доккха дакъа лаьцна вара иза. Ламан къаьмнийн кхеташонан декъашхо а, Нохчийн автономни республикин ЦКхК-ан декъашхо а хилла вара. Денана вайн къам ц1ера даьккхина долуш Казахстанехь цамгар кхетта, цунах юха ца йоьрзуш кхелхинера. Ненада а иштта воцуш вара.
Цхьаболчеран бара дедай а, ненадай а, амма ч1ог1а к1еззигчеран. Уьш к1езга хиларан бахьана массарна а дика хууш дара: 1920-г1ий, 1930-г1ий шерашкахь лаьттина къиза та1зар, шоллаг1а боккха дуьненаюкъарчу т1еман т1аьхьалонаш, 1944 шарахь февралехь халкъ махках даккхар.
Баккхий нах, къаной бисинчу доьзалшкахь, тхо-м царех къайлаха хьоьгура, син-дег1ан а, дахаран а туокхо хилар билгал дара. Ткъа царах х1ора а мехкан мехха лара мегар долуш вара. Массеран а юкъара бара уьш, царах массара дозалла дуора, халкъан хазна лорура.
Уьш болчу доьзалшкахь доккха хайра хетара – х1уъа хатта йиш хилар, хаьтинчунна жоп хазар, церан г1аттар-вижар гар, цара нахаца деш долу къамеле ладог1ар, царна ламазан тас-г1уммаг1 кечъяр… Ишттачу доьзалера хьалакхуьуш ма ду г1иллакх а, кхетам а, ларам а, оьздангалла а. Доьзалехь кхиънарг къомана а ма кхочу. Ша къам а ма ду, доьзалийн белш т1ехь кхуьуш.
Доьзалан хьокъехь дерг дика дуьйцу Хасиев С.-М. шен «Нохчалла. Нохчийн г1иллакхаш» ц1е йолчу балхахь: «… Доьзалехь кхоллалуш бу ларам. Малхбалера Малхбузе кхаччалц. Тахана дуьненахь долчу а, дуьненара д1адаьллачу а х1ора къомо «доьзал» бохучу дашна чу шен-шен маь1на дуьллу. Вайна цаьрца х1оранца а дог1уш дерш к1езиг дацахь а, амма шен сибат, васт, вадд йолуш хуьлуш бу вайн доьзал. Иза иштта хила таро йийриг, хетарехь, уьйр-безамца доьзал кхоллабалар ду. Вайн доьзал 1амийначара, цуьнан башхаллаш теллинчара олуш ду: «Нохчийн доьзал безаман т1ехь кхоллалуш а, ларамо д1акхоьхьуш а, адмаллица чеккхболуш а бу»…».
Сайд-Мохьмада хьахийна «уьйра-безам» бохучуьн маь1на дузош карадо вайлахь хаддаза лаьттачу т1аьхьенийн з1енаш – вай «цхьана жайлера – т1аьхьа т1ейог1учу жайле», «т1аьхьено – т1аьхьене», «воккхачо – жимачуьнга», «дас – к1анте» ма-аллара. Къаношца доьзна дерг а, кхетам кхиорех дерг а дика билгала доккхуш, шен «Кханена лехам» ц1е йолчу байташкахь хьахадо Аьрсбин Абу-Бакарс а: «… Х1ора а Къано вайн 1уналле х1уттийла. Х1ора а доьзал-Да жоьпалле волийла. Х1ора а во1-Ваша Иймане кховдийла. Вайн массо йо1-Йиша эхь-бехке йог1ийла».
Вовше болу ларам, воккха-жима бохучохь лела низам, г1ийлачух доглазар, жималлехь дуьйна, х1оранний кхетамехь хотталуш болу къинхетам – деригге шен орамца доьзалца доьзна ду.
Цкъа мацах, тхан дас дуьйцара. 1937 шо т1екхачале, шен да 1едало лацанза а волуш, иза волчу бахькина хьеший бара бохуш. Цхьацца х1орш дуьйцуш 1аш а болуш, кхеран деваша чувеъна хилла, масех шо кхулла жима хилла волу. Хьешашка салам а делла, могуш-парг1ат а хаьттина, цо, кхуьнан шен ваша, вист хир вара ша аьлла, аракхайкхина. Т1аккха цуьнан дедас аьлла:
«Ванах, ва Халд, кху чохь берш вайн хьеший буйла ца хууш ма вацара хьо. Айхьа дехьа чохь аьнна дерг, кхуззахь схьадийца. Хьешех хьулдина сан х1умма а дац».
«Со-м цхьаъ хатта волура», – аьлла вукхо.
«Хатта т1аккха».
«Масех дашца аьлча, цхьана хьенехо шеца доттаг1алла кховдийна соьга. Цуьнца доттаг1алла лелон мегар дуй ас?» – хаьттина девашас.
«Х1унда ца мега ткъа?… Уьш дикчу нахах бу, амма, хьалха и хьенех шен деца-ненаца, йиша-вешица муха ву а хьажий тасалахь цуьнца доттаг1алла», – жоп делла цунна.
Баккхийчеран куьг к1еда, ховха хуьлура, дош мерза, беркате хуьлура. Чохь а, юьртахь а, мехкан а юкъараллехь а цаьргара доккха хьекъал оьцура, г1иллакх 1амадора, 1адатийн мехаллаш евзара. Дахнарг-деънарг девзара. Иэс сирла лаьттара.
Эзара шерашкахь кхуьуш, дайшкара шайга схьакхаьчна нохчийн мотт ларбарехь йихкинчу юкъан г1арол а лардора къаноша. Эрна ма ца хилла, нохчашлахь лелла алар: «Деден куьг т1екхочуш, цуьнан 1аьнарехь кхиийнарг беркате т1аьхье хуьлу». Цу беркатца доьзна дерг оьздангаллин стом кхиош хилла ду. Г1иллакх, Яхь, Къонахалла кхуьуш болу некъ а бозу баккхийчеран хьуьнарца, кхетамца, доьналлица, церан дахаран а, син-мехаллин терзанца.
Массо а мехаллийн, г1ишлон бутту бух-лард санна, ларлуш ю стеган адмалла, эхь-бехках, ларамах, тешамах хотталуш йолу. Адамаллийн син кхача латтош дерг хьекъал ду. Ткъа хьекъал а ма ду шеца йоккха чолхалла йолуш. Х1унда аьлча, из тайп-тайпана ду. Диканиг а ду, иштта вуониг а ду. Дикачу хьекъалх беркат хир ду. Амма вуочух – зулам, буохам, юьхь1аьржо. Диканиг – вайн Дай леллачу лорах д1аг1ерташ волчо кхиор ду. Вуониг – шен заманахь деха адам 1осаллийна олалле вирзинчуьнгахь карор ду.
Ладог1а а, б1аьргана ган а воккханиг хилар – иза боккха бахам, т1алам, кхиетам бу-кх. Тахана-м «бу» ца олуш, «хиллера» ала дог1у. Х1унда аьлча, геннарчу заманахь дисна-кх уьш…
«Дахаро шен ха а хоьрцуш,
Доьзалаш Дайх-Нанойх къестош,
Уьш диси бух дуьтуш муонаш,
Хиллачийн мог1анаш дузуш…»

* * * * *
Иштта тхо 1аш долуш, сан йоккхах йолу йиша, дехьа чу а яьлла, цхьацца х1умнаш а кегийна, карахь суьлхьанаш а долуш схьаеара.
«Х1орш дагадог1уш цхьа а вуй шух?» – олуш, тхоьга хаттар а деш. Муха ца дог1у-ткъа дага! Уьш-м Нани Нанас лелийна суьлхьанаш дара. Цо ша кхалхале хьалха тхан Нанина делла дара. Нани а кхелхинера. Х1инца, ма-гарра, уьш тхуна дисна-кх.
Кар-кара оьцуш, соьга а кхечира уьш. Хилларш карла дохуш Нани Ненах долчу дийцаршка ойланехь ла а доьг1уш, суьлхьанийн буьртигаш сайн п1елгашна юккъе а лоьцуш , ойлан йийсаре вахара со. Эх1-х1ай… ма-йоккха яра цу ойланийн чалх. Жималлехь дуьйна мел хилларш. Ойланаш юкъахйохура цкъа цхьаммо, т1аккха вукхо дуьйцучо.
«Шуна дагадог1ий, – йистхилира Раиса, – Ма дика корта узура Нани Нанас. Лула-кулахь мел 1аш хилларг вог1ур-кх иза йолчу, корта озийта. Цхьа берш шайн бераш далош а бог1ура».
«Хийла сан корта уьйзура хьуна цо. Туо а лора лозучуьра. Дала, цуо и бахьанаш доггаха лелорна, тоболуьйту хир бар-кх», – т1етуьйхира Зураа.
«Цкъа саьрамсекхаш бен беза, белхи дуьйлалаш Нани Нанас а аьлла, вовшах а кхетта, иза йолчу дахара тхо. Д1акхаьчча, уьйт1ахь охьах1оттийначу ховшагна (лохачу истоьлана) т1е а кхайкхина, цо элира: «Хьалха цкъа охьа а ховший, шайн Бабас кечйинарг яа. Т1аккъа керта д1аг1ур ду шу». Кийчча лаьтташ, чайник юьззина г1алмакхан чай а, т1о-берам а, х1ицца беттина хьокхам а бара. Х1ума а йиъина, керта д1а а дахна, тхо болх бан д1ах1иттийра, – дийца долийра Сацитас. – Дуккху а дара тхо. Соьца вайн Тома а яра, Лечеран Кулсам а яра, Яхитеран Хьава а яра. Кхин а г1онна баьхкина лулара маьхкарий а бара. Керт йоккха ма ярий. Шуна дагйог1ий иза? Делкъал т1аьхьа а болх д1аберза гена дара, тхо к1ад а деллера. Д1адеза дисина саьрамсекхийн логмаш (цергаш) чохь боккха кад соьгахь бара. Ас ойла ма йо: х1орш д1абевалча, болх чекхбер бар-кх бохуш, сайн дагахь. Нани Нанас а кест-кеста ма хоттурий, саьрамсекхаш мел бисна шун олий. Т1аккха, оха къайлаха барт а бой, Нани Нанна а ца гойтуш, дисина логмаш, и боккха кад кхоччуш дара уьш, юьстахо к1аг а баьккхина, цу чу охьадоьхкира, т1аккха т1е чехкка латта а хьаькхира. Нани Нанига саьрамсекхаш бийна довлар д1а а хаийтина, оха белхи д1аберзийра. Амма, Нани Нана шек йолчух тера дара. Х1унда аьлча, «Кхин ца тоьира уьш?» – аьлла, тхоьга хаттар дира цо. «Нани Нана, берриш д1а-м бийна хьуна оха», – тхан жоп а дара».
Ас 1ен а ца велла, Сацита дуьйцучух юкъах а йоккхуш, элира:
«Т1аккха, юха б1аьста хилларг а дийца ахь».
Б1аьста хилларг а дийцира Сацитас:
«Нани Нана кертахула бийначу саьрамсекхашка хьажа яхча, г1ийла лаьттах хьалатохаеллачу хелагашна гена йоццуш, дукха хьийкъина хьалакъедда саьрамсекхийн хелигийн оьла гина цунна. Латта т1оьхлара схьакегийча, бухахь дерг а гина. Т1аккха, Леча (Нани Ненан ваша) волчу а яхна, шена оха бинчу белхех дерг д1адийцина. Лечас хьехар дина: «Берриш (вайнаш) схьа а балабай, цу оьланахь берш цхьацца бохуш схьа а бахитий, т1аьхьа т1е д1абог1ийта». Тхуна дов а дина, Лечас ма аллара, д1а а бог1ийтира тхоьга уьш».

* * * * *
Цхьа эзар исс б1е кхузткъалг1а шераш дара уьш. Суна а йог1у дика дага и керт а, х1етахьлера ц1енош а. Тхан ненаден хилла меттигаш яра уьш, вайн къам ц1ера
ара даккхале. Юха ц1а бирзича, цу кертахь 1ийначаьрца там-мах а бина, шайн хиллачу х1усаме чубахана хиллера церан доьзал. Г1аьххьа куьг тохьча, чоьнаш а метта ялинера.
Х1инца санна, уьйт1е а дагйог1у. Цхьана аг1ор б1аьллинган сара а буцуш, юха т1оьхула поппар а хьокхуш дина пенаш а долуш, йиъ г1улч шоралла а, цхьайтт-шийтта г1улч йохалла хир йолуш раг1у дара, кертехьара раг1ун пенан юххехь яьккхина ларма а йолуш. Цунна букъ тухуш х1оттийна хьаьжк1аш чуйухкуш болу дуо бара. Кертахьа котамийн бун а, г1езашна д1аховшийла а яра. Кевна х1оттийна а серех дуьйцина з1ара дара. Уьйт1ахь хилла боллан дитт, боккха нохчийн кхор, 1ежан ши дитт… х1инца санна дагдог1у.
Генна т1аьхьа, цхьацца керла г1ишлош еш а, кхечу бахьанца доьзна а, дитташ д1адехира. Уьйт1енан амат а хийцаделира.
Нохчийн кхоран юххехь хьаладаьлла хилла синтар тхан ненайишас ша 1ачу кертахь д1адейтина хиллера. Кхо-диъ шо хьалха, цунах хьаладаьлла синтар ас со волчу кертахь а дийна.
Цу даглецамаша ойла йойтура, дуккха а кхин долчух лаьцна а.
Нохчий Даймахка юха ц1а бирзина хилла шераш ду-кх уьш. Иттех шо бен дацара ц1а бирзина. Цул а к1езга зама яра, нохчий, г1алг1ай дийна бисар ца ловш, Кавказе, шайн юхаберзар, шайн луург кхочуш ца хилар новкъадаьлла, Соьлжа-Г1алахь, вай махках даьхча кхузахь баьхначу нехан г1аттам хилла (1958 шеран август беттан чаккхенгахь), дакъалоцуш масийтта эзар стаг а волуш. Девнаш хуьлуш, вер-ваккхар а хуьлуш, доккхачу зуламна болийна хилла и питане «болх». 1алашо лаьцнарг – вайн къам юха а махках даккхийтар. Иза 1едале т1еч1аг1дайта цара дуьйцура (тхан дас динчу къамелера) – «Нохчий, г1алг1ай даръелла дог-ойла йолуш бу. Къиза а, акхаройн амалехь а бу. Кхин долчу къаьмнашца ларам а бац, я уьйр езаш а бац. Шайн г1иллакхаш а, 1адаташ а бен кхин х1умма а лоруш бац…», иштта кхин дуккха а. Царна ца гуора, 1аламате дукха нах ц1а бирзича, чубаха меттиг йоцуш хилар, шайн дайх йисинчу х1усамашка наггахь берш бен д1анисбелла ца хилар, шайн керташна, ур-атталла, юххе буьтуш ца хилар.
Баккхийчара дуьйцура, шаьш чохь 1аш болчуьра, нохчий шайн хиллачу бахамна юххе ца г1ертийта, кевна юххе леташ долу ж1аьлеш доьхкура бохуш. Цул совнаха, рицкъ даккха, болх бан меттиг яцара. Нах и рицкъ гул а дина, хьолах боьттина ц1а баьхкина ма бацара. Мехаза шайн цигахь хилла къиппалгаш охьа а туьйсуш, карахь хилла сом-ком, иза т1аьххьара бен дацахь а, некъана а дойуш, ц1а ихна вайн нах. 1едало ц1а кхалхаран «программа» йийцинехь а, цуьнгара нахана г1о дукха к1езга хилла. Хабарш-ам хилла шортта, амма нехан беш аьтто ца хилла-кх.
Цунах лаьцна дерг дуьйцуш, шен «Сердец биенье в унисон» ц1е йолчу статьяхь журналиста Мансур Джургаевс, Д.Мальсаговн къахьегар дуьйцуш, билгалдоккху: «… Амма республикехь, нах т1елацаран болчу кечаман хьокъехь, х1умма а дина ца хилла, диъ шо хан а лерина, бан безачу белхаца, нах шайн ц1а берзорехь. Х1уъа дина а, нохчийн, г1алг1айн хилла бахамаш парг1ат баха дезара, бухахь берш а, шайн ц1а кхелхинарш а духь-дуьхал а ца бохуш. Дукха хьолахь, ц1а боьрзурш шайн бахамашка боьрзура, уьш мехаца юха схьа а ийбеш. Иза а ца нислора массо хенахь машарца, девнаш а хуьлура».     Гуш ма-хиллара, нехан дог1маш ц1а дахкар бен, синош паналлехь дисна хилла-кх. Бухахь хиллачеран кхетаме ладоьг1ча, вайн нах 1едало шайна хила ца бог1у къинхетам а бина бахкийтина хилла юха ц1а, вайна тиллина хилла «ямарт къам» боху ц1е бакъ а лоруш.
Ткъа х1унда хилла церан вайх иштта сийсаза дог-ойла?
1) Вай бехдарехь 1едало йинчу пропагандин жам1 хилла иза;
2) 1аламате дукхачу меттигашкара лаам болуш а, боцуш а вайх бисинчу махка «чулаьхкина» («чулехка» ца оьшуш, хьанал-хьарам къестор доцуш, стеннах а катоха чухьаьлхинарш а нисбелла дуккхо а) хилла уьш х1етахьлера 1едало: «Дуьло, схьалийца шайна бахамех 1анаяхна ярташ, 1ойлаш» а бохуш. Ставрополера, Тамбовски, Пензенски, Ульяновски областашкара, Гуьржехара, х1ирий, Дег1астанара къаьмнаш, кхин масне меттигашкара хилла уьш.
3) Ма моьтту ца хиллехь а, т1аккха а вуон д1атарбелла ца хилла «керла» бахархой вайн махкахь. Т1аккха, муха йита еза х1ара 1ойла, кхеран дай юха бирзича а?!
Иштта а, кхин а хаттарш-бахьнаш дара церан дагах доьлларш. Церан ойланех гена дацара меттигерчу 1едална хетарг а. Бакъду, ишттачу дог-ойланца долчу 1едало а мало-к1адо йо бохуш, цунна а т1е1аткъам бина Соьлжа-Г1лахь «г1аттамхоша». Цунах терра хьал ярташкахь а х1оьттина. Кулубашкахь а, яртийн майданашкахь а гуламаш болийна, дукха хьолахь Дег1астанхоша а, кхечу къаьмнех болчу наха а.
Тхан ден маьхчас (Махьас) дуьйцура цунах лаьцна шен дагадог1уш хилларг. Иштта, юьртан кулубе гулбелла хиллера Т1ехьа-Мартант1ехь 1ийнарш. Уьш хиллера дукхахберш дег1астанара. «Сайца ши-кхо накъост а волуш, церан гуламе дахар тхо, – дуьйцура Махьас. – 1едале дехар дан гулбеллера уьш… Тхо доцурш а, цара лелош дерг хезна, баьхкинера цига кхин а нохчий. Тхо ч1ог1а новкъа дара царна. Тхан цигахь девнаш а хилира. Даррехь питана дира цигахь цхьана наха, тхо цу чохь ца 1айта, шайн 1алашо чекхъяккхархьама. Бакъду, царна ма хетта «г1улакх» ца дайтира оха цаьрга. Арахь а, мичхьа а юьрта юккъехь уьш тобанца гулбелла лаьтташ царна нохчех цхьаъ юххе нисвелча, церан къамел тап-олий соцура, шаьш дуьйцург къайлахьуш».
Юьйцучу хенахь, вайн х1усамаш д1алийцина 1ийначу нехан нохчашка хилла цабезам гойтуш дара, Т1ехьа-Мартант1ера вахархочо, вайн къам дохочу хенахь масех шо долуш хилла волчу, Абубакаров Салмана дийцинарг а. Хьалхара дийцар дара шоллаг1чу дуьненаюкъара боккхачу т1амехь дакъалаьцна хиллачу Ойшаев Асхьада дагалецамийн къамелах доьзнарг. Асхьадас дийцарехь, вайн къам махках даьккхинчу хенахь иза командованино фронтера схьа а ваьккхина, ц1а хьажийна, Нохч-Г1алг1айчохь долчух х1умма а ца хоуьйтуш. Дийцина бахьана – мосуьйтазза чов хилла ву аьлла, ког х1оттор. Къийсавелча а хийцадала х1умма доцийла хиъча, х1ара ц1а вирзина. Вогг1ушшехь вайн махка, ша ваьхначу эвла кхаьчна иза. Кхеран доьзалш, гергарнаш 1ийначохь баха хевшина т1е мел веънарг хилла. Х1орш бусулба нах а бу, ц1ера баьхнарш мичхьа д1акхалхийна хаъалц, шайн хиллачу кертахь 1аш болчаьргахь саца г1оьртина хилла иза. Амма кхуьнан къамел цара юххе а ца дитина. Иштта х1оьттинчу хьолах ч1огг1а хорам хилла хьал х1оьттинчахь кхунна т1екхаьчна циггахь, гена воццуш 1аш хилла, чергазийн къомаха стаг. Бексултановг1еран Т1уог1иний, Эдилсолтиний т1ебаьхкина, цара шайгахь 1ойтуш хилла болу. Вайн къам ара даьккхича, цигахь баха а севцина. Царах «Нашхо» ц1е а лелош жима стаг хилла иза.
Цу стага кхунах бехк а баьккхина, вогг1ушшехь шайга х1унда ца вог1ур хьо аьлла, хьошалг1а д1акхайкхина Асхьад. Деригге а хаа а хиъна, Казахстане новкъа валлалца, Асхьад цаьргахь 1ийна хилла. Мел к1езга а кхаа баттахь. Асхьада тидам барехь, кхинарш салам-маршалла хатта а, бистхила а лууш бацара нохчийн къомах волчуьнга, деррехь шайн дог-ойла а гойтуш.
Кхин д1а а Салмана дийцира: «Нохчий махках бохучу хенахь тхан 1ер-дахар Мартанал дехьа дара. Х1инца а беха цигахь тхох болу Висаитовг1ар а, Абубакаровг1ар а, Абалаевг1ар а. Цу хенахь тхо а, Адмар а (Адмар молла нахана вевзаш а, доккхачу 1илман да а вара) ц1ера дохуш, д1адахьа ницкъ ца кхочуш, дуккха а жайнеш диснера. Кхечу цхьацца нехан а диснера уьш иштта. Тхан хиллачу куьпахь баха суьйлий хевшина хилла. Царах Шепа1 молла ц1е йолуш волчу стага, гонд1а мел йолчу х1усмашкара д1абаханчу нехан дисина Къуръан-жайнеш ша волчу д1агулдина. Тхо юха ц1а даьхкича, молла Адмарас, цхьаъ лой а, жайна луохьа шена аьлла дехна цуьнга. Дуккха а царех жайнеш шайн х1усамехь дисина хилар д1а а къадош. Амма делла-м ца хилла кхунна цхьа а.»
Х1ара масалш а, вай тидаме лаьцна хаттар данне а дац, вай хьехийнчу а, хьехоза дисинчу а къаьмнашна цхьа вуониг ала ойла йолуш. Къаьмнаш бехке ца хилла. Амма цу къаьмнех хиллачу наха вайца лаьцна ирча г1иллакх, цара г1аттийна питана, цара вайца лаьцна хилла гамо ю хьахийнарг. Уьш ду-кх билгалдохурш. Дерг «ду» ала а, хилларг «хилла» ала а ца деза ткъа?
Масала, СССР-ан чоьхьарчу г1уллакхийн министр хиллачу Н.П.Дудоровс ЦК КПСС-ан а, СовМин СССР-ан а ц1арах «къайлах» яздина хиллачу кехатехь а дуьйцу цунах дерг: «… СССР-ан чоьхьарчу г1уллакхийн министерство д1ахоуьйту, Нохч-Г1алг1айн АССР-е хьакхелхинчу дукхах болу нохчий чог1а къахьоьгуш бу шаьш хьалха 1ийначу ярташка а, х1усмашка а берза г1ерташ. Цу бахьанца, церан а, 1едало схьакхалхийна хиллачу суьлийн къомах болчу нехан а юкъаметтигаш ч1ог1а телхина…». Т1ехьа-Мартант1ехь лаьттинчу хиламех дерг а хьахийна: «… Новосельски к1оштехь нохчийн къомах болчу Джануралиевс (нийса дешча – Джанаралиев, иза тхан ц1ийнах хилла), Докаевс, Дадаевс мелла а болуш, кулубан чуволучу не1аршкахь д1а а х1иттина, маьттаза хабарш а дуьйцуш, кулубан чоьхьа цхьа а ца волуьйтуш хьал х1оттийна. Иштта къаьмнийн юкъарметтиган зулам деш болу кхайкхамаш а беш. Царах цхьаммо урс а даьккхина, нахана кхерамаш а тийсина. Зуламхой, схьа а лецна, чубоьхкина. Кхин д1а долу царна дан дезачу уголовни та1зарна кечам а бу беш…».
Кхузахь к1еззиг т1етуоха дог1у. Хьахийна волчу Н.П.Дудоровс, иштта кечдина, СССР-ан лаккхарчу 1едалан ц1арах яздина, дукха киехаташ, кхайкхамаш хилла. Иза нохчий ца безачу тобанна юккъехь хилла, вайн пачхьалкхалла юхаметтах1отторан духьал а волуш. Нохчий, г1алг1ай Казахстанехь, цхьа шайн субъект а кхоьллийна, Даймахка ц1а а ца бохкуьйтуш, совцо беза баьхначех цхьаъ хилла иза.
Мухха делахь а, ямарт наха лелориг а, 1едало хьийзош хилла х1илла а ницкъ болуш ца хилла нохчий, г1алг1ай ц1а кхалхаран духьало ян. 1илман талламхо хиллачу А.Н.Яковлевс билгалдаьккхина цу хьокъехь иштта: «Маь1-маь11ехь тийсалуш хилла девнаш августера юкъара низам дохоран хиламе дирзира. Цу хьоло 1едал дехаре дожийра Къилба-Седа Кавказан т1еман гуонна эскарш политически хьолан юккъеозоран. Амма муьлха дуьхьало хир яра б1е эзарнашкахь ц1а хьаьлхина нах совцон… (!?)». Нийса дара, А.Н. Яковлевс цу хьокъехь дина хилла жам1.
Сталинс а, иза куьйгаллехь хилачу 1едало а вайн нах махках бохуш, уьш юха боьрзур бу аьлла йина ца хилла шаьш йина къизалла. Бохийна д1абуьгуш болу нах эшелонийн вагонашна т1еховшийчхьана, лерринчу 1азапалле боьхкина. Уггаре а хьалха дан леринарг – дарделла, мацделла, г1елделла адам (боьрша нах, зударий, бераш, цомгуш берш!..) х1оьттинчу гаттонехь г1иллакех бахар, доьналлех, цхьана дашца аьлча, шайн синойн а, дог1мийн а, г1иллакхийн а мехаллаш т1ера уьш буохо г1ортар. Амма вайн къам Дала доккха дика делла хиларна, собар делла хиларна, доьналла, къонахалла, иман делла хиларна, чогг1ачу синкхетаман бух т1ехь лаьтташ хилла. Та1зар мел до а, ч1аг1луш, дахчалуш схьадеъна.
Историн 1илман кандидата А. Бугаевс кху шеран 18 январехь вайн Республикин 1илман Академехь д1аяьхьначу семинарехь дийцарехь, лаккхарчу 1едалан Указ ара а даьлла (1957 шеран 9 январехь), вайн къомахой ц1а боьрзу мур х1оттале (1956 ш. декабрехь), Нохч-Г1алг1айчу, бакъо а йоццушехь, юха бирзина хилла, мел к1езга а, 11 эзар стаг! Т1аккха дан а дог1у-кх иза, Яковлевс баьханчунна т1е. Х1ун ницкъ хир бара, дукха хало-бала а лайна, ц1а хьаьлхина нах юха туоха?! Царна юккъехь к1езга бацара, богг1ушшехь, шайн дайн-нанойн даь1ахкийн чархаш яхьаш баьхкинарш а.

* * * * *
Сан ойла шен хорше ерзийра, карахь долчу Нани Ненан суьлхьанаша. Цхьана ханна. Юха а коьрте хьийзара кхин а дагалецамаш. Цу заманчохь леллачу хиламех.
Я Рабби Везан Дела! адам ма мерза дара цу хенахь вовшашца. Ма т1екаре хуьлура. Къахьегна, шагделла куьйгаш хиллехь а, сингаттамо йинчу чевнех лацадалаза дегнаш хиллехь а, ма сирла дара б1аьрган хьажар, ма нуьре яра яххьаш. Даьхница, хьолаца г1ийла хиллехь а, ма самукъане бара х1етахь нах. Вовше Салам-Маршалла хаттарца, г1о-накъосталца, керт лелорца, вахар-варца. Ма тахана санна дацара адам, ма къинхетаме, комаьрша, дог ц1ена дара.
Тахана вайх дуккхачарна бийца дола хеташ болу вайн дашо Ненан мотт, ма доггах, дозаллийца, безаш буьйцура массара а. Хьена, мила ву аьлла хаьттачий бен, вевзаш воцчуьнга тайпа ца хоттура цхьаммо а. Иза дацара тайпа боху кхетам юккъера д1ататтар. Шаверг а цхьаъ хетар дар-кх. Шаверг йиш-ваша хетар дар-кх.
Цхьа болу Дег1астанара а, цхьацца гергалонашца хилла г1азакхий а, кхечу къаьмнех болчу нехан доьзалаш а (уьш дукха ца хиллехь а) вайн къомах ца хедаш, вай 1аьвшшина хало-бала а 1овшуш, кхойтта шо вайца цхьана Сибрехахь а даьккхина, вайн нахаца ц1а бирзина хилла. Вайн нахана уьш а, вайца цхьаъ лоруш а, безаш а хилла. Къестош-м х1етте а ца хилла.
Шаьш кху махкахь баха битичхьана тоьуш хетта вайн нахана, тоьланаш чохь 1айтина а, Даймахкахь битичхьана. 1едало еш йолу шога «терго», ч1аг1йина милицин отделаш, КГБ-н дакъош, меттанаш лелойчийн сийдацар, мел лазаме делахь а, садетта лаьар-кх. Кхин х1умма дацахь а, говр-ворд лелон а, бежан-уьстаг1, котам-г1аз лелон аьтто а бара. Керташ ма лерана лелайора. П1ераска буьйсанна ма лерина, ма ц1енчу ниятца саг1а даржадора.
Ма доггаха дара-кх вовшен б1аьра хьажар а.
Ткъа белхеш!.. Иза дерриг а къоманна белхий а хилла лаьттара, шаверг, х1усам а йина, тхевна к1ел верззалца. Шун, тхан дан а дацара. «Вай» дар-кх. Ма доккхачу маь1анехь дара иза!..

Маржа-я1, ма боккха бала а, хало гина а, лайна а хилла-кх вайн къомо, шен хьесап дина ца довлалла. И 1азап бахьанехь вайн дукха адам д1а а даьлла, вайн нанойн, йижарийн дукха б1аьрг а билхина, дукха са а диттина, дукха са а тийсина. Ала деза, цу халонехь нехан дегнаш ч1аг1дина, доггаха Далла т1е болх а биллина, ц1а доьрзург хиларх тешам ца байна, Даймахке сатийсар Къилба лаьрра дахарх тасаделла вайн халкъ. Барт ч1аг1беш, вовшех болу тешам ч1аг1беш, кхетамца цхьа къам хиларан ойлане а доьрзуш. Вайн къам дахчийна-кх халонаша. Цул а совнаха, яхь йолу кегийрхойн чкъор вайн бакъо а юьйцуш, политикин боламехь кхиа доладелла.
Сибрехахь кхузар вуй, цигар вуй а доцуш, цкъа а ца бевзинарш бевзаш, цигахь цхьана рицкъанах хотталуш бахар нисделла, цхьа вежарийн санна, шайна Дала тоьхна хан чекхъяллалца цхьаьна баьхна. Дукха захалонаш нисделла, гергарлонаш, вежаралла ч1аг1делла. Цигахь тийсаделла и гергарлонаш х1инца а долуш ду, лелош а ду. Дукха дика-вуонаш доьрзуьйта вай тахана а «Казахстанехь цхьана 1ийна ду тхо», – олий. Я «Дера велира «хьенех» оьзда чекх, ц1ера даьхначахь»… Кхин масане ду уьш. 1еламнаха дуьйцу-кх, Дала боху олий: «Цхьа а вуо дац, шен т1аьхьа диканиг доцуш».

П1елгашна юккъе нисбеллачу суьлхьанийн буьртиго юха а хьовзийра сан ойла.
Дагаоьхура, Нани Ненера кет1а ваьлча, кертан йисттехула охьадог1уш хилла татол. Ши-кхо г1улч хиллал шуьйра а, г1аьххьа к1орга а дара иза. Бердаца чувоьссина хи эцарна аьтто беш яккхина масех лар а, дехьа-сехьа вала диллина шалг1а дехкина аннаш а долуш. Цу чу Нани Ненан г1езаш а йог1ура.
Ц1енош а дагдог1у. Цхьана мог1арехь йина йиъ чоь а йолуш, арара чувог1учохь ехха уче а йолуш. Ша уче даккхийчу хин туог1ера деанчу т1улгашна т1е туьйсина хьунан дечигаш ехкина бух а, ц1енкъе тоьхна попан аннаш а, гуонаха йина г1опаст а, ученна чувала х1оттийна лоха не1 а йолуш яра. Аьхкенан заманчохь г1опастана т1ехь Нани Нанас туьркийн, 1ежийн аьхкаш йой стом бакъайбора. Ученан цхьана сонехь г1абакхийн оьла нисйора. Тхоьга, берашка, хийлаза: «Г1абакхашна т1е ма дийлалаш, варийлаш!» – олура Нани Нанас.
Не1арех чуьхьаваьлча, пеш йоцу чоь яра, аьхкенан заманахь юург-мерг цу чохь лелайора. Тхов цу чохь хьалахьаьхна боцуш, тхевна дехкина дукъош а, т1оьхула, уьш къовлуш дехкина дуткъа, дагарца кечдина, дечиган пханарш а гуш бара. Тхевнах бина масех ч1ег1ардигийн бен а бара. Аьхка ч1ег1ардигаш паргг1ат т1ома чу а, ара а д1асхьалелара, къаьхкаш а доцуш. Церан к1орнех ма сакъералора тхан. Ц1енкъа коча боршам хьокхуш латтош яра. Чохь Нани Нанас тховх якъаян хьалаухкура тайп-тайпана бецаш. Эх1! чохь ма хаза, чомехь х1аваъ х1уттура цу бецех.
Дехьа чу ваьлча, нохчийн пеш а йолуш чоь яра. Цу пешахь юург а кечйора, хьокхам-сискал а йоттура. Ткъа сискалийн тоьпаш ма чомехь кхача бара. Т1о-берамца уьш хилча-м муххале а! Пешахь г1абакх а йоттура, дакъошкахь екъа а йоькъий.
Кораш долчу аг1ор ехха йина паднар яра, цу буха д1ах1оттош к1айчу аьчган г1уммаг1 а, ц1еста тас а дара, Нани Нанас ламазна лиелош (Казахстане д1а а дехьна, юха ц1а а деъна долу). Х1ума юу лоха ховшаг-истол а йара чохь, а кад-пхьег1а лелон г1ирс-партал а яра. Кхин дехьарачу чоьнашкахь вуьжийла-г1оттийла яра, хьеша-дена меттиг а яра. Некъахьара долу кораш арахьара т1екъовлуш дара, гуонаха лаьцна куьйга кечйина хьовзийначу т1амаршца дечиган киепаш а йолуш. И кораш т1екъовлучу хенахь, арара г1овлеш т1етт1а а йохийтий, коран-г1уй д1а а нисбой, цуьнан ч1унаш кора-гуран шинна а аг1онгахь куьйга-бурошца даьккхинчу 1уьргашка а нисдой, чухула зайлешца ч1аг1дора
Нохчийн пеш йолчу чохь цхьа кор дара. Кора т1ег1ан т1ехь х1оттийна лаьтташ «радио-кад» бара, х1ора 1уьйранна массаьрга а «На зарядку становись!» олий кхайкхам беш болу. Пенашца а, тховх а (кху чоьнашкахь тхов хьалахьаьхна бара, т1оьхула, пенашна санна, хьаькхна кира а болуш) ч1абанах буьйцинчу серийн ток тесна некъаш дара, уьш ч1аг1деш юкъ-юккъе йоьг1на, нуьйдарчий санна, кегийра токан к1айчу басахь «роликаш» а йолуш. Чохь ц1енкъана тоьхна аннаш дара. Тхо паднар йолчохь дуьйшура, пеша юххехь. Генна буьйсе хиллалца Нани Нанас туьйранаш дуйцура тхуна. Цхьадерш оха юх-юха а дийца бохуш а дуьцура цо. Уьш дукха дара… «Жоьра-Бабий», «Г1аззий, божжий», «Газа-гуьзалгий», «Эл-Мусостий»…, кхин д1а дуккха а дара уьш…