Со ирсах ца хьаьгна…

Резванова Айза       Хьох дийца дезар-кха…   Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Хьомсарчу ненан дог хьостуш. Кегийчу берийн б1аьрг белош, Диканах дайн дегнаш тешош.   Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош, Даймехкан турпалхой хестош, Доьзална барт, безам хьоьхуш.   Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Безачийн ойланаш юцуш. Б1аьргашчохь ц1еран суй летош, Безамах, ирсах дог дузош,   Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Куц хазчу 1аламах иэбеш. Зевне аз шовданех декош, Хьо бийцар дуьненна хаздеш.   Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт, Пондарца мукъаме бохуш. Иллешкахь сийлалла кхайкхош,…

Далее...

Иштта хуьлу кхин т1ехьийза к1ант…

Тапалаева Аминат   Жима яцара со х1етахь. Хенал а хьалха доккха хиллачу сан даге хьажа йиш хилча хьанна а хуур дара иза. Доьшуш – шозлаг1чу классехь яра. «Амината бохург делаш» олура нанас, ша цхьанхьа йоьдуш, сол жима долчу йишигий, вешигий. Со йоккха ца хилча эра дарий? Дацара! – Хьоьга ала дезаш цхьа х1ума ду хьуна, д1а ма г1олахь! – элира, муьшка а еш, т1ехьарачу партит1ехь 1аш йолчу Курсама. – Х1ун ду иза? – хьехархочунна хазарна кхоьруш, г1ийлачу озаца, д1а а ца йоьрзуш хаьттира ас. – Урокаш чекхъевлчахьана дуьйцур ду ас,…

Далее...