ГЕЛАГАЕВ Сайд-Мохьмадан – 80 шо

Сайд-Мохьмад ша меттан воккха говзанча а, мотт безаш а хиларе терра, х1ора дашца а ч1ог1а г1иллакхе ву. Лаа дац, маь1не а, чулацаме а йолчу цуьнан байташ нохчийн илли а, эшар а лакхархоша – Такаев С., Эбиев И., Ташаева М., йижарша Сайдулаевара, иштта кхечара а – локхуш хилар. Cайд-Мохьмад дуккха зеделларг а, пох1ме, чулацаме кхолларалла йолуш волу поэт ву. Цуьнан байташкахь безам а, лазам а го вайна, цул совнаха – и ду коьртаниг – цо язбинчу х1ора мог1анехь гуш ду, шен ницкъ кхочучу аг1ор Даймахкана, халкъана  дика дан лааран догъойланца и…

Далее...