Нана

Facebook
Google+
http://www.nana-journal.ru/%d0%bd%d0%b0%d0%bd%d0%b0/
Twitter

печать
Сакказов Муслим

 

 

Мел мерза ю хьо, сан Нана,

Хьол хьоме дац сан х1умма а.

Мел воккха хилла со кхиъча,

Хьан марзо сов хир яц цкъа а.

 

Дуккха а яхалахь, Нана,

Хьан яхар оьшуш ду суна.

Хьан марзо, къинхетам, безам –

Сан деган кхача бу хьуна.

 

Дуьненан 1аламаш гина,

Сихвелла ведда со леларх,

Йицлуш яц суна хьо, Нана,

Хаалахь хьо оьший суна.

 

Дуьненан рицкъанаш лоьхуш,

Малхбале малхбузе юккъехь

Яьржина ойланаш ю сан;

Уьш нийсъян оьшу хьо суна.

 

Цамгаро лаьцна со висча,

Хьо дага йог1ий со хуьлу.

Еана хьо коьрте хиъча,

Сан сина парг1ато хуьлу.

 

Дог дика хуьлда хьан, Нана,

Даггара Деле ас доьху.

Къинт1ера ялалахь суна,

Халахеттехь соьгара хьуна!