Йолахьа, БIоба

Facebook
Google+
http://www.nana-journal.ru/%d0%b9%d0%be%d0%bb%d0%b0%d1%85%d1%8c%d0%b0-%d0%b1i%d0%be%d0%b1%d0%b0/
Twitter

печать
ГIапур Алиев

Хьайн бакхий б1аьргаш ца къерзош,

Фатима кхеро ца г1ерташ,

Тхо долчу йолахьа, Б1оба,

Хаз-хазчех туьйранаш дахьаш.

Цахиндерг хирдолчух дуьйцуш,

Ворх1 ломан дехьенаш хестош,

Туьйранаш дийцахьа, Б1оба,

Наг-нагахь Фатима хьостуш.

Ц1ие, 1аьржа, к1айн Хожа вуьйцуш,

Цигара тамашаш бестош,

Къамелаш дийцахьа, Б1оба,

Мац-мацах хилладерш дуьйцуш.

Тутмаса майралла хестош,

Маьлх-Аьзнин хазалла юьйцуш,

Дийцахьа, дийцахьа, Б1оба,

Т1аь-т1аьхье инзаре юьйцуш.

Ешапца майралла къуьйсуш,

Жерочун к1анта тур лестош,

Г1ад оьхуш дийцахьа, Б1оба,

Жим-жимма доцурш т1едетташ.

Бухарчу дуьнена юьйлуш,

Ах-котам н1аьнеха кхайкхош,

Тамаша байтахьа, Б1оба,

Фатима ах-говрахь хоьхкуш.

Цагундерг, цкъа а цахиндерг

Хичуьрча Оффайга дойтуш,

1ехае Фатима, Б1оба,

Тамаше тамашаш бойтуш.

Йицъяйта х1ара ирча зама,

Хьоьца ян туьйранийн махка,

Фатима кхойкху хьоь, Б1оба,

Хаз-хазчех туьйранаш дийца.

Аганан эшарш

Ма хаза ю буьйса,

Мела мох хьокхуш,

Екхначу стиглахь

Седарчий ловзуш.

Корах чухьоьжуш,

Хьо ма серладолу,

Беттаса, делало,

Д1адижа, боли-лу.

Ламанан басенца

Мохано техкош,

Попано йишийна

Шоршалан к1орнеш.

Мокхачу берда т1ехь

Йижийна к1орни,

Сема сай 1уьллу бах,

Д1адижа, боли-лу.

Т1ахъаьлла хир ву хьо,

Ц1оькъалом санна,

Къовсамехь тоьр ву хьо,

Догмайра нохчо,

Алалай, балалай,

Д1адижа, боли-лу.

………………………………………

Хаза йина мамас,

Шена йина мамас,

Буса ловзо йина ю,

Дийнахь хьаста йина ю.

Шена хаза йина ю,

Шена дика кхаьбна ю.

Сайна кхаба йина ю,

Суо кхабийта кхиийна.

Сайна кхаба йина ю,

Суо кхабийта кхиийна.

……………………………………….

Дита, дита

нанин к1орни,

1адда дита

нанин к1орни,

Мотт к1еда беза

нанин к1орнина,

Наб хаза еза

нанин к1орнина.

………………………………………………………….

Дижалахь, жиманиг,

Мерзачу набарна,

Г1атталахь, жиманиг,

К1оргечу хьекъалца.

Мерза наб кхетийла

Жимачу к1орнина.

………………………………………..

Дижалахь, бабиниг,

Дижалахь, дадиниг,

Мерзачу набарца

Дижалахь, диканиг.

………………………………………………..

Дуьйшуш,

г1оза дийшараш,

Г1оттуш,

г1оза г1овттараш,

Дийшалаш, дийшалаш,

Кегий к1орнеш,

дийшалаш.

Дала дахадойла шу,

И долу г1а санна,

Дала дебадойла шу,

Дийшалаш, кегий к1орнеш.

Бабин туьйранаш

Кхо газа-гуьзиг

Кхо газа-гуьзиг яхана хилла ломал дехьа, яжа-кажа. Цхьа гай дерг, ша юьзина яьлчи, ши гай долчуьнга аьлла: хьо д1айог1ий, ша юьзна.

Вукхо жоп делла:

– Хьан цхьа гай дузарх сан шиъ ца дуьзна, д1аяло, со т1аьхьакхуьур ю хьуна.

Цхьа ге дерг, д1айоьдуш, т1ел дехьа яла езаш хилла. Цу т1айна т1е х1ара кхочуш т1е к1елара схьа а яьлла, борз дуьхьал яьлла кхунна.

– Хьо стенгара йог1у, ва газа гуьзиг?

– Ломал дехьара яжа-кажа яханчара йог1у.

– Хьан коьртахь ерг х1ун ю?

– Ма1а-т1оьлгаш ю.

– Хьан кочахь ерг х1ун ю?

– Муьсил-мехий ду.

– Хьан синпха х1унда беттало?

– Хьох кхоьруш беттало.

Барзо и д1акхаьллина. Юха а шен метте д1алечкъина борз.

Ши гай долчо ша юьзна яьлча, кхо гай долчуьнга хаьттина:

– Хьо д1айог1ий?

– Вукхо жоп делла:

– Хьан ши гай дузарх, сан кхоъ ца дуьзина, д1аяло, со т1аьхьа кхуьур ю хьуна.

Ши гай дерг новкъа яьлла д1аяха.

Т1ай т1е кхаьчча, вукхунна санна, борз дуьхьал а яьлла, и д1акхаллина.

Кхано кхо гай дерг ц1а йог1уш, цунна дуьхьала а яьлла борз. Цуо хаттарш дина кхуьнга:

– Хьо стенгара йог1у, ва газа-гуьзиг?

– Яжа-кажа яхана йог1у.

– Хьан коьртахь ерг х1ун ю?

– Хьуна 1итта яхьаш ма1а-т1оьлгаш ю.

– Хьан кочахь ерш х1ун ю?

– Хьуна 1итта дахьаш муьсил-мехий ду.

– Хьан синпха х1унда беттало?

– Хьох лата дог хилла беттало.

Чухьаьдда цо берзан гех ма1аш тоьхна и дат1а а дина, шен ши накъост парг1ат яьккхина.

Борз хи чу а тесна, хьонг-т1онг, сан ши накъост, бохуш, д1аяхана газа-гуьзигаш.