Деца-ненаца хила деза гIиллакхаш

Facebook
Google+
http://www.nana-journal.ru/%d0%b4%d0%b5%d1%86%d0%b0-%d0%bd%d0%b5%d0%bd%d0%b0%d1%86%d0%b0-%d1%85%d0%b8%d0%bb%d0%b0-%d0%b4%d0%b5%d0%b7%d0%b0-%d0%b3i%d0%b8%d0%bb%d0%bb%d0%b0%d0%ba%d1%85%d0%b0%d1%88/
Twitter

печать
Дибиров А., СССР-н халкьан дешаран хьакъволу хьехархо

 

 

 

Массо берана декхар деш тIедиллина ду шаьш даккхий хиллалц кхаьбначу ден-ненан сийдар.

 

Оцу гIиллакхийн 12 кеп ю:

1. Дай-наношка ладогIар, царна дуьхьал цалер, уьш мел оьг1азбахна белахь а.

2. Уьш тIебаьхкича, церан хьурмат, сийдеш хьалагIовттар.

3. Церан омра кхочушдар, цара ма-хьеххара.

4. Царел хьалхаваьлла ког цабаккхар, нагахь санна и дан цаторуш меттиг яцахь. Масала, хьалхахь кхерам ца тосабеллехь.

5.  Церан озал лекха аз цаайдар, цаьрца эсала, тийна, кIеда-мерза хиларца вистхилар.

6.  Уьш кхайкхича, хаза, эсала жоп далар.

7.  Муьлххачу а хенахь, муьлххачу а хьолехь уьш резабар, царна хазахетар лахар.

8. Дена-нанна къинхетаме тIам тIе а оьзна, царна хьалха лахвалар, кIедалла, эсалалла караяр. Уьш шел а, шен берел а хьалхабаьхна, царна гIуллакх дар, царна куьйга яийна, ницкъ ца кхочучохь гIодина, доцург-оьшург карор.

9. Дина хIума царна тIех цатохар: аса шуна xIapa-важа дира бохуш, церан дог цаIовжор.

10. Церан бIаьргашна тIе бIаьргаш а доьгIна, оьгIазе, гома цахьежар.

11. Ишттачу юьхь-сибатца, оьгIазлонца доцуш, кIеда-мерзачу, эсалчу дашца кхетор шайна

хетачух.

12. Царна хууш а, церан пурба долуш а бен новкъа цавалар.

XIapa гIиллакхаш лардан деза шел баккхийчу вежаршца, йижаршца, шичошца, маьхчошца, дай-нанойн гергарчаьрца, гергарчу лерамечу хьалхарчу нахаца.

 

Д е ш а р х о ч у н   х ь е х а р х о ч у ь н ц а

х и л а   д е з а   г I и л л а к х а ш

 

Дешархоша уггаре хьалхарчу декъехь гIиллакх лаца деза шен хьехархочуьнца. Шен ден-ненан санна сий, лерам беш, гIиллакхе хила веза цуьнца дешархо. И тайпа гIиллакхаш 13 ду:

1. Маршалла а хоттуш, чуван бакъо ехар.

2. Хьехархо волчохь калима кIезигдар.

3. Цуьнан дашна бехк буьллуш вист цахилар (цхьана хьенеха иштта ма ца элира бохучу маьIнехь).

4. Хьехархочо хаьттинчунна бен жоп ца луш, цунна хьалха вист ца хуьлуш Iap.

5. Деш долу хаттар бакъо а яьккхина дар.

6. Хьехархочун дашца ца догIу хIума нислахь, иза тидамза дитар.

7. Цхьаьна охьахевшинчаьрга хеттарш цадар, цара дуьйцучух цавелар.

8. Царна юххехь волуш, маьI-маьIIе ца хьоьжуш, тапъаьлла, юьхь ца чIикъьеш, тийна Iap.

9. Хьехархо ойланашка вахана велахь, даима санна вацахь, дукха хеттарш деш цуьнан чам ца байар.

10. Иза чувогIуш а, аравала дагахь хьалагIаьттинчу хенахь а цунна хьалагIаттар.

11. Иза калима деш хьалагIаьттинчу хенахь хеттарш цадар.

12. Новкъахь саца а вина, хеттарш ца деш, кхача везачу дIакхаччалц витар.

13. Цунна Iорадевлла цатовш нисделла хIуманаш бахьанехь цуьнца юкъаметтиг цахийцар, хIунда аьлча оцу белхийн кьайленаш цунна дика хаьа дела.

/Зорбанна кечйинарг Iалвади Шайхиев/